Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
сан орамаш хи тІе кхочу, сан гаьннаш тІехь бецан тхи а ду буьйса йоккхуш, Лаьттахь кІа шорта хуьлийла. Лаьмнийн лакхенашкахь иза дІасалестийла. Цуьнан стоьмаш, Ливанунехь санна, дукха хуьлийла. ГІалара адамаш, аренгара буц санна, дебийла. Делан лаамехь берш, хурма-дитт санна, заза даьккхина хуьлу, Ливанун-махкара баган-дитт санна, уьш хьала а кхуьу. ТІедогІучу деношкахь Якъубан тІаьхьено, орамато санна, орамаш арахоьцур ду, Исраилан къомо заза доккхур а ду, дерриге а латта стоьмех хьаладузур а ду. ЧІогІа заза доккхуш хуьлийла и аре, йоккха а еш, самукъане иза кхойкхийла. Ливанунан сийлалла цунна дІалур ду, Кармал-ломан а, Шарон-аренан а исбаьхьалла цунна лур ю. Везачу Элан сийлалла гуш хир ю, вайн Делан исбаьхьалла гур ю. Веза Эла вовзий вайна. Иза кхин а алсам вовза гІерта вай. Цуьнан гучувалар, цІийъелла Іуьйре санна, билггала ду. Керлачу дахарца вогІур ву Иза вай долчу, Іаьнан догІа санна, бІаьста деанчу догІано латта тІадор санна». Бедар бахьана долуш са хІунда гатдо аша? Хьажал аренгахь тІедолуш долчу петІамат-зезагашка. Цара цхьа а тайпана къа а ца хьоьгу я шайна бедарш а ца тоьгу.
Выбор основного перевода