Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Веза Воккхачун тхов кІелахь вехаш верг Нуьцкъалчун ІиндагІехь Іаш ву. Шен тІемашца дІахьулвина, Цо Іалашвийр ву хьо. Цуьнан тешаме хилар ду хьан турс а, дуьхьало а. Исраил-мехкан лекхачу лам тІехь дІадугІур ду Ас иза. Цу гаьннах доккха дитт хир ду, цунна тІехь стоьмаш а кхуьур бу. Цунах исбаьхьа хаза дитт хир ду, цуьнан гаьннаш юкъахь тайп-тайпана олхазарш хир ду, уьш цуьнан ІиндагІехь Іийр ду. Цу дийнахь иштта хир ду, – боху Везачу Эло, – Аса стигалан дехарна жоп лур ду, цо а лаьттан дехарна жоп лур ду. Ткъа ялтин а, чагІаран а, даьттанан а дехарна лаьтто жоп лур ду, ткъа цара „ИзраІал“ – Дала дІадоь – аьлла, жоп лур ду.
Выбор основного перевода