Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Хьазиала хаьттира: «Хьо хІунда воьлху, сан эла?» «Дера воьлху, ахьа Исраилан халкъана хІун зулам дахьар ду сайна хиъна дела. Ахьа церан гІепаш ягор ю, кІентий тур детташ бойур бу, декхаш долу бераш а хьоьшур ду, берах болу зударий а цоьстур бу», – жоп делира ЭлишаІа. И дерриге а хилира, исраилхоша шайн Везачу Деле ла ца догІарна а, Цуьнца бина барт шаьш бохорна а. Везачу Элан ялхо волчу Мусас шайна тІе мел диллинчуьнга цара ла а ца дугІура, цуьнан парзаш кхочуш а ца дора цара. Церан бераш царна хьалха хьошур ду, церан цІеношкахь талораш дийр ду, церан зударий сийсазбийр бу. Дала таІзар динначу дийнахь Эпраймах яьсса аре хир ю. Иштта Аса дІакхайкхийнарг а шеко йоцуш хир ма ду! Уьш цкъа а доггах ца кхойкху Соьга, амма шайн меттанашкахь боьлхуш бу. Шайн догІмашкахь шаьш хеда а деш, Соьга доьху цара шайна кІа а, чагІар а далар. Ткъа и дарца Сох дІабирзина уьш. Цара шайн бераш кхиадахь а, Аса уьш цаьргара схьадохур ду. Ма доккха къа хир ду-кх церан Со шайх дІавирзинчу дийнахь! Исраилхойн дог мекарлонех дуьзна ду, церан къиношна доггІург хІинца царна дийр ду. Везачу Эло церан сагІа доккху меттигаш а хІаллакйийр ю, церан цІушна дІахІиттийна тІулгаш а дохор ду. тІеман гІовгІа ер ю хьан халкъана дуьхьал, хьан массо а чІагІонаш йохийна хир ю, тІеман дийнахь Шалман-паччахьо Байт-Арбел-гІала йохийча санна, шайн берашца наной хьаьшначу хенахь. Церан гІаланашна тІе тур кхетар ду, кевнийн хьокхий а дохор ду оцу туьро, нах а дІакхоллур бу, цара дагалаьцнарг бахьана долуш.
Выбор основного перевода