Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
«Ларлолаш, тахана ас шайна тІедуьллуш долу Цуьнан весеташ, Цуьнан тІедехкинарш, Цуьнан парзаш кхочуш а ца деш, шайн Веза Дела вицварх. Юуш шаьш дуьзча, шайна дика цІенош а дина, царна чохь шу даха хевшича, шайн даккхий а, кегий а бежанаш дебаш хилча, шайн деши а, дети а алсамдолуш хилча, шайн массо а долахь дерг совдолуш хилча, варелаш, шайн дегнаш кура а ма довлийталаш а, лоллин цІа долчу Мисар-махкара шу арадаьхна волу шун Веза Дела виц а ма велаш. Церан дайшка Айса чІагІо ма-ярра, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тІе буьгур бу Ас уьш. Юуш а, бузуш а бехар бу уьш, барста а берстина, кхечу деланашна тІе а бирзина, царна гІуллакх деш лелар бу уьш. Ткъа Сох дІа а бирзина, Ас шайца бина барт бохор бу цара. Сан хьоме халкъ, стам а делла, аьрхаделира. Кхачанах а дуьзна, иза дерстина хилира. Шаьш кхоьллина волу Дела дІатесира цара, шайн кІелхьарбовларан тархах ца бешира уьш. Аса таІзар дийр ду цунна, БаІал-цІушна хаза хьожа йогІу хІума ягорна а, шен чІагарш а, туьтеш а шена тІе а оьхкина, шен безаргашна иза тІаьхьалеларна а. Ткъа Со вицвинера цо», – боху Везачу Эло. Сан халкъ дІасацийна, Со къобал ца варна. Со къобалвар ахь дІатесна дела, ахь Суна, динан дас санна, гІуллакх дар Аса а дІатосур ду. Дала белла товрат-хьехам ахь бицбина дела, Аса а дицдийр ду хьан бераш». «Динан дай дебаре терра, Суна дуьхьал долу церан къинош а алсамдуьйлуш ду. Церан сийлалла сийсазалле ерзор ю Аса. «Исраилан халкъо паччахьан гІишлош дІахІиттийна, ткъа ша ДІахІоттийнарг цо виц ма вина. Амма Аса церан гІаланех цІе тосур ю, ткъа оцу цІеро церан паччахьан гІишлош дІакхоллур ю».
Выбор основного перевода