Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Кест-кеста моха еана йолу ча санна бу те уьш, я йилбазмохо дІахьош йолу кегаш санна бу те? Зуламаш дечеран гІуллакхаш иштта ца хуьлу! Уьш мохо дІасахьоькху чан санна ма бу. Мохо дІасабаржош болу кІур санна, дІасабаржабойла Ахьа уьш . ЦІеро башош болу балоз санна, хІаллакьхуьлийла Делан лаамехь боцурш . ТІаккха ша дерриге а цхьана этира: эчиг, поппар, цІаста, дети, деши, аьхкенан хьаьттахь йолу чан санна, хилира. Мохо ядийра уьш, хилла лар а ца йисира царех. Ткъа и цІу вохийна болчу тІулгах боккха лам хилира, доллу латта а дузуш. Ткъа Везачу Эло боху: «ХІун дийр дара те хьуна, Эпрайм? ХІун де те хьуна, ЯхІудан халкъ? Шун безам Іуьйранна хуьлу дохк санна а, хьалххе дайна дІадолу тхи санна а ма бу.
Выбор основного перевода