Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Эпраймхоша ГадІан чІогІа бехке веш вара. Цара цуьнга бохура: «ХІунда дина ахьа иза? Стенна ца хаийтира ахьа тхоьга, хьо маданхошца тІом бан воьдуш?» Эпраймхой, вовшах а кхетта, Цапун-гІала дехьабевлира. Цара Яптахье элира: «Хьо Іамминхошца тІом бан воьдучу хенахь тхо хІунда ца дигира ахьа хьайца? Оха хьан цІа хьоьца цхьаьна дагор ду». Цундела Аса ЯрбаІаман цІенна тІе бохам боуьйтур бу. ЯрбаІаман цІентІера хІора боьрша стаг – чувоьллина я маьрша иза велахь а – хІаллаквийр ву Аса. Чим ца буьтуш, ягийна кхелли санна, дамардарц дина дІадоккхур ду Аса ЯрбаІаман цІа. НабатІан кІанта ЯрбаІама летийна долу къинош ша летадар шена кІезиг хеташ санна, цІаданхойн паччахь волчу Эти-БаІалан йоІ Изабал а ялийра Ахьаба шена, БаІал-цІунна Іамал ян а, Іибадат дан а волавелира иза. Исраилхошна юкъара БаІална горахІоьттина воцу а, цуьнан суьртана обанаш яьхна воцу а ворхІ эзар стаг вуьтур ву Аса». Ахьа хьайн олахочун Ахьабан цІа хІаллакдан деза. Иза ахьа дийр ду Изабалан карах беллачу Сан пайхамарийн а, Везачу Элан хиллачу массо а ялхойн а Іаьнначу цІийна тІера Соьга бекхам байтархьама. Ткъа церан деланаш детих а, деших а бина бу, уьш адамийн куьйгашца бина болу цІуш бу. ЦІунах лаьцна аьлча, пхьеро иза эчигах вутту, ткъа дашо пхьеро цунна тІе деши а дуьллу, дато зІенашца иза кеч а во. Иштта совгІат дан къен волчо ца телхаш долу дитт хоржу. Цо, говза пхьар а лохий, цуьнга охьа ца вужу волу цІу войту. Цунна ца лаьа къобалдан ялтий, чагІаррий, даьттий шена луш Верг Со хилар, шен дети а, деши а алсамдаьккхинарг а Со хилар, ткъа цо царах БаІал-цІу дІахІоттийна. Ялта чудерзо хан тІекхаьчча, Аса юхадерзор ду Сайн ялта. Кемсаш хилла яьлча, чагІар а схьадоккхур ду. Аса цуьнгара схьабоккхур бу тІаргІа а, вета а, цуьнан ерзина хилар къайладоккхуш хилла долу. Иштта цуьнан дерзина дегІ гучудоккхур ду Аса цуьнан безаргашна хьалха. Сан карара цхьаьнгге а схьаяккхалур яц иза. Аса сацор ду цуьнан мел долу сакъерадалар а, шеран деза денош даздар а, бутт цІинбаларан денош даздар а, шоьтан денош ларар а – дерриге а Везачу Элана лерина деза денош долу. Аса яссор ю цуьнан кемсийн таьллангаш, инжиран дитташ а дассор ду. „Суна сан безаргаша луш долу алапа ду хІара“, – олу цо царах лаьцна. Аса царах акха боьлак йийр ю, аренийн акхароша цоьстур йолу. Аса таІзар дийр ду цунна, БаІал-цІушна хаза хьожа йогІу хІума ягорна а, шен чІагарш а, туьтеш а шена тІе а оьхкина, шен безаргашна иза тІаьхьалеларна а. Ткъа Со вицвинера цо», – боху Везачу Эло. «Цундела Аса иза хьостур ма ю. Яьссачу аренга иза дІа а йигина, цуьнан дагна там беш дерг дуьйцур ду Аса. Цигара ара а яьккхина, аса цунна юхалур ю цуьнан долахь хилла йолу кемсийн бошмаш. Сингаттамца йоьзна йолу Іахур-тогІех сатийсаран неІ дІахІоттор ю Аса. Цигахь эшарш лоькхур ю цо, шен къоналлин деношкахь санна, иза Мисар-махкара арайолучу хенахь». Иштта боху Везачу Эло: «Оцу дийнахь „сан майра“ эр ду ахь Сох, кхидІа „сан БаІал“ эр дац ахь Сох. БаІалийн цІераш цуьнан багара дІайохур ю Аса, церан цІераш кхин йохур яц цо.
Выбор основного перевода