Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
ХІунда аьлча Ахь эхартахь со вуьтур вац. Хьайна тешаме волчунна вахкавалар гойтур дац. Ахь валарх кІелхьарваьккхи со, сан когаш совцучуьра ларби, дахар лучу серлонгахь Далла хьалха со лелийта. Іожалла гуттаренна а дІакхоллур ю Цо. Хьалдолчу Эло массеран а яххьаш тІера бІаьрхиш дІадохур ду. Дерриге а дуьнен тІехь Шен халкъ емалдар дІадоккхур ду Цо. Иштта боху Везачу Эло. ХІетте а, Хьан белларш денлур бу, Хьан халкъан декъий гІовттур ду! Ченахь мел Іохкуш берш, гІовттий, хазахетарца мохь хьекха! Іуьйренан Хьан тхи – иза денлуш долу тхи ду, Ахь иза лаьттахь болчу беллачарна тІе дожадо». Иштта, Ас цу нахах къинхетам бийр бац, уьш кхоор бац. Царах даьлларг церан шайн кортошна тІе дожор ду Аса». Цундела, Соьгара болу хаам а беш, дІаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Сан халкъ, Ас шун къуббанаш схьайостур ю, цул тІаьхьа Ас шу, шайн кешнашкара ара а даьхна, Исраилан махка юхадалор ду. Аса, шун къуббанаш схьа а йиллина, цу чуьра шаьш арадаьхча, хуур ду Сан халкъ долчу шуна Со Веза Эла вуйла. Цо тхуна тІедиллира нахе кхайкхам бар а, тоьшалла дар а, Ша Дала дийначарна а, беллачарна а тІехь кхел ян хІоттийна ву аьлла. Дала Шена тІебало хаьржинчарах лаьцна а, Ша динчу совгІатех лаьцна а бина болу Шен сацам цкъа а ца хуьйцу. ТІаккха хІара телхар долу дегІ телхар доцучу тайпана а хилча, ткъа хІара лен долу дегІ цкъа а лийр доцуш дІа а хІоьттича, кхочушхир ду Делан Йозанаш тІехь яздинарг: «Іожалла дІа а кхаьллина, толам баьккхина». «Іожалла, мичахь бу хьан толам? Мичахь ю, Іожалла, хьан ю?» И бераш дилханах а, даьІахкех а лаьтташ ма-хиллара, Иза а хилира уьш санна, Шен кхалхарца Іожаллина тІехь ницкъ болу иблис эшорхьама а,
Выбор основного перевода