Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Цара шайн бераш цІерах чекхдохуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура. Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора цара, Иза оьгІаз а вохуьйтуш. Бен-ХІинам-тогІи чохь хаза хьожа йогІу хІума а ягайойтура, шен кІентий цІерах чекх а бохуьйтура Ахьаза, Везачу Эло исраилхошна юкъара дІалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гІуллакхаш а лелош. Наха, шайн бохчанаш схьа а достуш, деши охьахоьцу, терзанаш тІехь дети узу цара. Дашо пхьере а кхойкхий, шайна цІу войту цара. Юха, цунна хьалха охьа а теІаш, Іибадат до цара. И цІу а – Исраилан халкъо дина хІума ду. Иза суьрташ дечо ма вина, цундела иза Дела ма вац. Шамранан цІу долу эса дохор ма ду!»
Выбор основного перевода