Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Цо жоп делира: «Хьайга наха бохург де. Цара дІатеттинарг хьо вац, Со ву. Царна ца лаьа Аса шайна тІехь паччахьалла дойла. Цо цунна жоп делира: «Ахьа цаьрга ладогІа деза! ДІахІоттаве царна тІехь паччахь». ТІаккха Шамъала Исраилан халкъе элира: «Шу хІинца шайн-шайн гІала дІагІо». Яло, дІа а гІой, ЯрбаІаме ахьа ала: „Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: ‘Дерриге а халкъана юкъара хьо лакха а ваьккхина, Сайн Исраилан халкъан баьчча вина дІахІоттийра Аса. Даудан цІийнан паччахьалла, схьа а даьккхина, Аса хьан кара делира. Амма хьо сан ялхо волу Дауд санна вац. Дауда сан весеташ а кхочушдора, шен доггах Суна тІаьхьа а хІоьттира иза, Суна нийса хеташ дерг бен ца деш. Ткъа хьо хьайл хьалха хиллачу массо а паччахьел а сов зуламаш деш хили. Со оьгІаз а вохуьйтуш, лалийначу хІуманах цІуш а бина, хьайна кхин деланаш дІахІиттийна ахь, ткъа Со-м кхоччуш дІатеттина ахь. Цундела Аса ЯрбаІаман цІенна тІе бохам боуьйтур бу. ЯрбаІаман цІентІера хІора боьрша стаг – чувоьллина я маьрша иза велахь а – хІаллаквийр ву Аса. Чим ца буьтуш, ягийна кхелли санна, дамардарц дина дІадоккхур ду Аса ЯрбаІаман цІа. диндоцу стаг паччахь вина дІа а ца хІоттийна, нахана кІело йиначуьнга царна тІехь куьйгалла ца дайта.
Выбор основного перевода