Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Шен са дІадалале Рахьала кІентан цІе Бен-Они тиллира (иза «сан баланийн кІант» бохург ду), амма дас Бен-Яман элира цунах (иза «сан аьтто куьйган кІант» бохург ду). Цара элира ЕшаІ-ЯхІуга: «Иштта боху Хьузакх-ЯхІус: „Сингаттаман а, таІзар даран а, эхь тІедаран а де ду хІара, хІунда аьлча бер дуьнен чу доккхучу, амма и бер дан ницкъ ца кхочучу зудчух тарделла вай. Уьш кхерабелла хир бу, чІогІачу лазарша дІалоцур бу уьш. Бер деш йолу зуда санна, хьийзар бу и нах. Йогучу яххьашца, цецбевлла, вовшашка хьоьжур бу уьш. Цара элира ЕшаІ-ЯхІуга: «Иштта боху Хьузакх-ЯхІус: „Сингаттаман а, таІзар даран а, эхь тІедаран а де ду хІара, хІунда аьлча бер дуьнен чу доккхучу, ткъа и бер дан ницкъ ца кхочучу зудчух тарделла вай. Бер дуьнен тІе долу хан тІе а кхачийтина, иза ца хуьлуьйтуш Іийр вуй Со? – боху Везачу Эло. – Я бер дан ницкъ а белла, ненан цІа дІакъовлур дуй Ас?» – боху хьан Везачу Эло. Стенна хьоькху ахь и шийла мохь? Паччахь вац ткъа хьан? Я хьо цхьа а хьехамча воцуш-м ца йисина, берах хьийзош ерг санна, лазарша сел чІогІа дІалаццал? Цийонан йоІ, холчу хІотта, бер дечу зудчо санна, лазарех баланаш хьега, хІунда аьлча хьо хІинца, гІалара ара а яьлла, аренгахь ехар ю. ТІаккха хьо Бавел-гІала кхочур ю. Хьо цигахь кІелхьаръер ю. Везачу Эло хьо цигахь хьан мостагІийн мехах карара паргІатйоккхур ю.
Выбор основного перевода