Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Дела адам дац, Цо аьшпаш ца бутту. Иза адамех схьаваьлла вац, Цо Шена дагадеанарг ца хуьйцу. Ша йинчу чІагІонца ца лела ткъа Иза? Ша дийр ду аьлларг кхочушдийр дац ткъа Цо? Дакъазадаккха Далла дІакъастийначух цхьа а хІума шун куьйгех ма хьакхалойла, Везачу Эло, Шен оьгІазалла дІа а яьккхина, шуна Шен дика далийтархьама. Иза иштта делахь, Цо шух къинхетам бийр бу, шу доьбуьйтур а ду, шун дайшна Ша чІагІо ма-ярра. Исраилан халкъан сийлахьчу Дала харцдерг а дуьйцур дац, Иза дохко а вер вац, хІунда аьлча Дела адам дац Шен лаам хийца». Мохь хьоькхуш доккхаде, Цийонан халкъ, хІунда аьлча Исраилан Везаниг хьуна юкъахь сийлахь ву». Ма кхера, гІийла а, кІезиг а долу Исраилан халкъ, Ас гІо дийр ду хьуна, – боху Везачу Эло, хьо мах баларца ПаргІатдоккхучо, Исраилан Везачу Дала. – Ахь ирхдугІур ду уьш, амма мохо дІасахьур ду уьш. Ткъа чІогІачу мохо, довдийна, къайладохур ду уьш. Юха хьо Везачу Элаца хиларна, самукъадаьлла хир ду, Исраилан Везачу Делах дозалла деш хир ду. «Сан ойланаш шун ойланаш яц, шун некъаш Сан некъаш дац, – боху Везачу Эло. – Стигалш лаьттал лекха ма-хиллара, Сан некъаш а ду шун некъел лекха, Сан ойланаш а ю шун ойланел лекха. Шайга бохучуьнга ла а доьгІна, шаьш лелаш болчу вочу некъа тІера дІаберза мегара уьш. ТІаккха Аса, дохко а ваьлла, цара лелийначу вочунна Айса бан лерина болу бохам царна бийр бацара. хІунда аьлча Со шуьца ву, шу кІелхьардохур ду – боху Везачу Эло. – Шу дІасалаьхкина мел долу къаьмнаш Аса билггал хІаллакдийр делахь а, шу хІаллак ца деш дуьтур ду. Шуна таІзар ца деш Аса шу дуьтур дац, амма Аса нийсонца шуна таІзар дийр ду». qac Лqac*арам а беш, Хьалдолчу Эло гуттаренна а вуьтур вац иза. «Веза Эла волу Со хийца ца ло. Ткъа иштта шу а, Якъубан тІаьхьенах дерш, цхьана а агІор хийца а ца делла! Уьш Ярушалаймана улло кхаьчча, гІала а гина, Іийсан бІаьргех хи делира.
Выбор основного перевода