Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
ДІаала пирІуне, Везачу Эло иштта боху алий: „Исраил Сан кІант ву, Сан дуьххьарлера бер ду. Везачу Элана хьо деза дела а, Цо шун дайшна делла ваІда лардо дела а хаьржина дара. И бахьана долуш Везачу Эло хьо, ондачу куьйгаца лоллин цІа чуьра ара а даьккхина, Мисар-мехкан паччахь волчу пирІунан карара паргІатдаьккхина. Цигара ара а яьккхина, аса цунна юхалур ю цуьнан долахь хилла йолу кемсийн бошмаш. Сингаттамца йоьзна йолу Іахур-тогІех сатийсаран неІ дІахІоттор ю Аса. Цигахь эшарш лоькхур ю цо, шен къоналлин деношкахь санна, иза Мисар-махкара арайолучу хенахь». «Амма Со шун Веза Дела ву, Мисар-махкара шу арадаьхна волу. Аса юха а четарш чу даха охьаховшор ду шу, яьссачу арахь шу долчу Со веанчу деношкахь санна. Амма Везачу Эло пайхамаран гІоьнца исраилхой Мисар-махкара арабехира. Цо уьш Іалашбора пайхамарехула. Везачу Эло боху: «Амма Со шун Веза Дела ву, Мисар-махкара шу арадаьхна волу. Со воцчунна, кхин цхьана а далла улло ма гІерта. Со воцург, шу кІелхьардохург кхин цхьа а ма вац. Ашур-махке тхо кІелхьардахалур дац. ТІеман динна тІе тхо кхин ховшур дац. Тхан куьйгаша йинчу хІуманех оха кхин эр дац „тхан деланаш“, хІунда аьлча байлахь болчаьрга къинхетам Хьоьгахь бен бац». ХІарод-паччахь шен Іожаллех кхалххалц, уьш цигахь Іийра. Иштта кхочушхилира Везачу Эло пайхамарехула аьлларг: «Мисар-махкара аравалийтархьама схьакхайкхина Аса Сайн кІанте». Везачу Эло Шен массо а пайхамаршкахула а, хиндерг гуш волчуьнгахула а, Исраилан халкъе а, ЯхІудан халкъе а дІахьедар а деш, аьллера: «Шаьш лелачу зуламечу некъаш тІера юхадовла, Аса шун дайшна тІедиллина долу а, Сайн ялхой болчу пайхамаршкахула шуна дІабеллачу товрат-хьехамна тІехь долу а Сан весеташ а, парзаш а ларде». Амма цара ла ца дугІура. Уьш а, шайн Везачу Делах тешар доцу шайн дай санна, аьрхабевллера. Уьш дІабирзира Везачу Элан парзех а, церан дайшца Цо бинчу бартах а. Цара ла ца дуьйгІира Везачу Эло шайга, дІахьедар а деш, аьллачуьнга. Цара цІу-деланашна Іибадат дора, уьш хІумма а йоцург боллушехь, цу тайпана шаьш а хІумма а боцурш а хилла. Шайна гонах долу къаьмнаш санна бехаш бара исраилхой, Везачу Эло шайга, весет а деш, аьлла доллушехь: «Ма делаш цара дийриг». цара а, церан дайша а летийнчу къиношна доггІуш дерг, – боху Везачу Эло. – Цара лаьмнаш тІехь хаза хьожа йогІу хІума ягайора, гунаш тІехь Со сийсазвохура. Цара хьалха лелийначу гІуллакхашна доггІург Ас токхур ду царна“». Сан халкъана-м Со вицвелла. Эрначу цІушна сагІанаш доху цара. Цундела когаш тийсалуш лелаш бу уьш шаьш дІакхоьхьуш долчу некъаш тІехь. Шайн дайн ширачу некъаш тІера дІабевлла уьш, нийса доцучу паначу некъаш тІе бовлархьама. Аса таІзар дийр ду цунна, БаІал-цІушна хаза хьожа йогІу хІума ягорна а, шен чІагарш а, туьтеш а шена тІе а оьхкина, шен безаргашна иза тІаьхьалеларна а. Ткъа Со вицвинера цо», – боху Везачу Эло. Эпрайман халкъ дистхилча, массо а бегабора. И халкъ лакхара лорура Исраилан халкъашна юкъахь. Амма, БаІална Іамал ян доладелча, иза бехке а хилира, дала а делира. Исраилхоша хІинца а шайн къинош совдоху. Цара шайна лалийна цІуш бо. Шайн детих говза йина хІуманаш бен яц уьш, ерриш а куьпчичо кхоьллинарш бен яц. Оцу нахах олуш ма ду: «Эсашна сагІанаш дохучу наха эсашна барташ боху!»
Выбор основного перевода