Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Веза Эла царна хьалхаваьлла воьдуш вара. Царна некъ гойтуш, дийнахь марханех хиллачу бІогІамна юкъахь вогІура иза, буьйсанна – цІеран бІогІамна юкъахь, царна серло а луш, уьш дийнахь а, буса а дІабахийта. Везачу Эло элира: «Нагахь аша Везачу Эле, шайн Деле, ладогІахь, Цуьнан лаам аша кхочушбахь, Цо тІедехкина парзаш аш кхочушдахь, Мисар-махкана тІе яхкийтинчу цамгарех шуна тІе цхьа а йоуьйтур яц Ас, хІунда аьлча Со Веза Эла ву шун дарбанча». Шун Веза Дела шуна хьалхаваьлла воьдуш ву. Цо шуьгахьа тІом бийр бу, Мисар-махкахь шун бІаьргашна гина ма-хиллара. Яьссачу арахь а шуна изза гинера. Шаьш кху меттиге схьакхаччалц аша бинчу новкъахь, адамо шен бер санна, шу леладора шун Везачу Дала, шуна гина ма-хиллара“. Шен бене хьоьжу аьрзу санна, кІорнешна тІехула хьийза аьрзу санна, Везачу Эло Шен тІемаш дІасадаржадо, тІемаш тІехь Шен халкъ лелорхьама. Аса хьуна могушалла юхалур ю, хьан чевнаш а тойийр ю, – боху Везачу Эло, – хІунда аьлча хьан мостагІаша боху: „Цийон юхатеттина ма ю, цунах цхьаммо а гІайгІа ма ца бо“». Генначу меттехь Везачу Эло, суна хьалха дІа а хІоьттина, соьга элира: «Массо а ханна болчу безамца дезаделла хьо Суна, Исраилан халкъ, Аса хьоьга кховдийна Сан хедар боцу безам. Уьш Нисбийриг а, царна ницкъ Лург а Со велахь а, Суна дуьхьал зуламаш дан дагалецира цара.
Выбор основного перевода