Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Цу дийнахь иштта хир ду: сийлахь коьман маІа лекхча, Ашур-махкахь тилабелла лелларш а, Мисар-махка лаьхкина бигнарш а схьабогІур бу. Ярушалаймерчу безачу лам тІехь Везачу Элана хьалха суждана гІур бу уьш. Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Шаьш дІасадаржийна долчу къаьмнашна юкъара Айса Исраилан халкъ схьагулдича, Аса Сайн возалла гойтур ю массо а халкъашна хьалха. ТІаккха Исраилан халкъан бахархой шайн долахь болчу а, Аса Сайн ялхо волчу Якъубана белла болчу а махкахь Іийр бу. Уьш цу тІехь цхьанххьара а кхерам боцуш бехар бу, цара цІенош а дийр ду, кемсийн бошмаш а югІур ю. Уьш кхерам боцуш Іийр бу, царна кхиссарш еш хиллачу, царна гонахарчу массо а къаьмнашна тІехь Ас кхел йича. ТІаккха хуур ду царна, Со церан Веза Дела вуйла». Ас ЯхІудан цІа чІагІдийр ду, Юсупан цІа кІелхьардоккхур ду. Ас уьш юхаберзор бу, Со царна къинхетаме хилла дела, ткъа уьш а хир бу, Ас дІа ца тесча санна. Со церан Веза Дела ву, Цара орца даьккхича, Ас царна жоп лур ду. Ас уьш Мисар-махкара юхаберзор бу, Ашур-махкара а схьагулбийр бу, ГалІаде а, Ливануне а схьабалор бу Ас уьш, амма ур-атталла цигахь меттиг а тоьар яц царна.
Выбор основного перевода