Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Седаман а, Іаморан а, Удаман а, ЦІабаймин а, (хІинца шех ЦІоІар олучу) БулаІан а паччахьаш цхьаьна а кхетта, шайн мостагІашца тІом бан Сидим олучу тогІи чу биссира. Оццу хенахь Везачу Эло йохо йолийра гІаланаш Седам а, Іамор а, стигалара цІе а, саьнгал а чу а хецна. Стигалара охьахьажахьа, Хьайн деза а, сийлаллин а долчу цІа чуьра схьахьажахьа: Хьан леррина хилар а, ницкъ а мичахь бу? Хьан боккха гІайгІа а, ницкъ а мичахь бу? Хьан эсалалла а, тхоьга болу къинхетам а сецна бу. Эпрайман халкъ Сан хьоме кІант вац ткъа? Суна дукхадезаш долу бер дац ткъа иза? Иза кест-кестта Аса нисван везаш велахь а, массо а хенахь безамца дагавогІу Суна иза. Сан кийра иза бахьана долуш карзахбуьйлуш бу, Аса цунах къинхетам а бийр бу», – боху Везачу Эло. Ткъа Везачу Эло боху: «ХІун дийр дара те хьуна, Эпрайм? ХІун де те хьуна, ЯхІудан халкъ? Шун безам Іуьйранна хуьлу дохк санна а, хьалххе дайна дІадолу тхи санна а ма бу.
Выбор основного перевода