Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Мусас элира: «Везачу Эло вайна тІедиллина: „Цхьацца Іовмар и кхача шайн тІаьхьенашна дІабилла, тІаккха царна гур ду Ас шу Мисарара арадаьхначул тІаьхьа яьссачу арахь шуна даийна ялта“». Шу, леш а хилла, ца дитархьама, Мисар-махкара арадаьхна волу шун Веза Дела ву Со. Шуна тІехь хилла лоллин дукъ а кагдина, кхечу къаьмнашна муьтІахь хиллачуьра Аса шу паргІатдехира». Цо кхачанан буьртигаш царна тІе диссийтира, догІа санна, стигалара кІа царна дІаделира. Маликийн бепиг дууш дара адамаш, Цо иза царна уьш буззалц делира. Стигалахь Цо малхбалехьара мох карзахбаьккхира, иштта къилбехьара мох а Шен ницкъаца карзахбаьккхира. Цо, чан санна, жижиган догІа даийтира царна тІе, хІорда йистера гІум санна, дукха олхазарш а гІовттийра. Церан четаршна гонах охьа а оьгуьйтуш, Цо олхазарш церан меттаматтана тІе дахкийтира. Цара шаьш дуззалц биира и кхача, хІунда аьлча лиънарг дара Цо царна делларг. Везачу Эло иштта боху: «Туьрах кІелхьарбевллачу нахана яьссачу аренгахь Везачу Элан дика карийна. Исраилан халкъ шена синтем лохуш лелара». Генначу меттехь Везачу Эло, суна хьалха дІа а хІоьттина, соьга элира: «Массо а ханна болчу безамца дезаделла хьо Суна, Исраилан халкъ, Аса хьоьга кховдийна Сан хедар боцу безам. Цхьаннан а вогІийла дац Суна тІе, Со ваийтинчу Дас иза тІе ца оьзча. Ткъа Аса иза денвийр ву тІаьхьарчу дийнахь. Со лаьттара хьалаваьккхича, массо адам Сайна тІеозор ду Ас».
Выбор основного перевода