Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Цу буьйсанна хІара хилира: Везачу Элан Малико, дІа а дахана, Ашурхойн эскаран меттаматтара цхьа бІе везткъе пхи эзар стаг хІаллаквира. Дийна бисина болу ашурхой Іуьйранна хьалагІевттича, царна лаьттахь Іохку декъий гира. Веза Эла шуьга хьоьжуш ву, шух къинхетам бан лууш, Иза хьалаваьккхина лаьтташ ву, шуна диканиг дан лууш, хІунда аьлча Веза Эла нийсонан Дела ву. Декъал бу Цуьнга хьоьжуш берш. Оцу пайхамарша олура: „Шайн вочу некъех а, зуламаш лелорах а шух хІорра а дІаверзалаш, тІаккха Везачу Эло шуна а, шун дайшна а деллачу лаьтта тІехь абаденналц даха таро хир ю шун. Кхечу деланашна тІаьхьа ма хІитта, царна Іамал ярхьама а, Іибадат дархьама а. Шун куьйгаша бина болу уьш бахьана долуш, ма вахийта со оьгІаз. ТІаккха Аса зен дийр дац шуна“. Соьга жоп а луш, цо элира: «Иза Везачу Элан дош ду, Зурбабеле аьлла долу. Цу дашо боху: „Эскарца а, ницкъаца а доцуш, ткъа Сан Синца, – боху массо а ницкъийн Везачу Дала. – Везачу Эло боху: «ЧІогІа хастамаш бе, Цийонан йоІ! хазахетарца цІогІа тоха, Ярушалайман йоІ! Хьажал, хьан паччахь ву хьо йолчу вогІуш! Нийса а, толам баьккхина а ву иза. Делахь а цуьнан эсала амал ю Иза вирана тІехиъна вогІу, боьршачу вирбокъана тІехиъна вогІу! Ас Эпрайм-махкара тІеман гІудалкхаш дІайохур ю, Ярушалайм-гІалара тІеман дой дІадохур ду, ткъа тІеман Іад кагдина дІадаьккхина хир ду. Оцу паччахьо халкъашна машар дІакхайкхор бу. Цо олалла дийр ду цхьана хІорда тІера вукху хІордана тІе кхаччалц а, Эпрат-хина тІера дуьненан йистошка кхаччалц а. Цунна со кІелхьарйоккхучу Далла доккхадеш ду иза, ТІамас, жоп луш, элира Іийсага: «Сан Веза Эла, сан Дела!»
Выбор основного перевода