Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Юсупан тайпано элира: «Тхуна тоъал меттиг яц ломахь, ткъа канаІанхой шерачу арахь а, тогІи чохь а Іаш бу. Церан аьчках йина тІеман гІудалкхаш а ю. Байт-Шеан-гІалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а Іаш берш а, ИзраІал-тогІи чохь Іаш берш а тІеман гІудалкхаш йолуш бу». Маданхой а, Іамалекхахой а, кхидолу малхбалехьа дехаш долу къаьмнаш а вовшахкхийтира. Йордан-хил дехьа а бевлла, ИзреІалан аренгахь шайн меттамотт дІахІоттийра цара. Исраилхойн паччахьо Пикхахьис паччахьалла дечу заманахь, Ашур-мехкан паччахьо ТигІлат-Палиасара, схьа а веана, Іаюн, Абал-Байт-МаІак, Янохь, Кхедаш, Хьацор гІаланаш, иштта ГалІад-мохк, Галилай-мохк – шайна чу берриге а Наптал-мохк чу а лоцуш – дІалецира. Цигара нах, йийсаре а буьгуш, Ашур-махка дІакхалхийра цо.
Выбор основного перевода