Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
ТІаккха ЯхІуаш, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Цуьнан метта керла паччахь хилла дІахІоьттира ЯрбаІам. Исраилхойн паччахьаш дІабоьхкинчу Шамран-гІалахь дІавоьллира ЯхІуаш а. ЯхІудхойн паччахь волчу Юашан кІанта Амци-ЯхІус паччахьалла до пхийтталгІа шо долуш, исраилхойн паччахь дІахІоьттира ЮшаІан кІант ЯрбаІам. Шамран-гІалахь Іаш а волуш, цо шовзткъе цхьана шарахь паччахьалла дира. ЯрбаІама а Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. НабатІан кІанта ЯрбаІама исраилхошка летадайтинчу муьлххачу а къинойх дІа ца вирзира иза. ЯрбаІама Исраилан халкъана юхадерзийра Хьамат-Іинера дуьйна Іариба-тогІин хІорда тІе кхаччалц долу латта. И дерриг а дара Исраилан халкъан Везачу Дала Шен ялхо волчу Аматин кІантехула Юнусехула аьлларг. Иза Гати-Хьепар олучу меттигера схьаваьлла пайхамар вара. Везачу Элана гуш дара массо а исраилхоша – чубоьхкина я маьрша уьш белахь а – хьоьгуш долу къиза Іазап. Цхьа а вацара Исраилан халкъана гІо дан. Везачу Эло Ша Исраилан халкъан цІе стигал кІелара дІаяйа аьлла ца хиларна, ЯхІуашан кІентан ЯрбаІаман куьйгахула кІелхьарбехира Цо уьш. ЯрбаІама динчу массо а кхидолчу хІуманех лаьцна – цо мел динчух а, цо лелийначу майрачу гІуллакхех а, яхІудхойн долахь хилла йолу Дамасакх а, Хьамат а гІаланаш Исраил-махкана юхаерзаярх а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь. ТІаккха ЯрбаІам, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Исраилхойн паччахьашна уллохь иза Шамран-гІалахь дІавоьллира. ЯрбаІаман метта паччахь хилла дІахІоьттира цуьнан кІант Закри-ЯхІу. Исраилхойн паччахьо ЯрбаІама паччахьалла до ткъе ворхІалгІа шо долуш, яхІудхойн паччахь хилира Амци-ЯхІун кІант Іузи-ЯхІу. Цу хенахь Іузи-ЯхІун ялхитта шо дара. Ярушалаймехь Іаш а волуш, цо шовзткъе шийтта шарахь паччахьалла дира. Іузи-ЯхІун ненан цІе Яхул-ЯхІу яра. Иза Ярушалаймера яра. Шен дас Амци-ЯхІус лела мел динарг санна, Іузи-ЯхІус а леладора Везачу Элана нийса хетарг. Делахь а тІехь сагІа доккху гунаш дІадахаза дисина дара, ткъа наха кхидІа а оцу гунаш тІехь сагІа а доккхура, хаза хьожа йогІу хІума а ягайора. Везачу Эло Іузи-ЯхІу-паччахьна дІа ца йоьрзу чкъуран цамгар кхетийтира. Иза велла дІаваллалц и цамгар цунна тІехь лаьттира. Цундела иза къаьстина лаьтташ долчу цІа чохь Іаш вара. Ткъа паччахьан кІанта Йовтама паччахьан цІенна тІехь хьаькамалла а дора, мехкан халкъана тІехь урхалла а дора. Іузи-ЯхІун кхидолчу гІуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхІудхойн паччахьийн тептар тІехь. ТІаккха Іузи-ЯхІу, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Царна уллохь иза Даудан гІалахь дІавоьллира. Іузи-ЯхІун метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Йовтам. Рамли-ЯхІун кІанта Пикхахьис паччахьалла до вуьрхІитталгІа шо долуш, яхІудхойн паччахь дІахІоьттира Йовтаман кІант Ахьаз. Ахьазан ткъа шо дара, иза паччахь дІахІоьттича. Цо Ярушалаймехь ялхитта шарахь паччахьалла дира. Ша схьаваьллачу Дауде терра а ца лелаш, шен Везачу Далла нийса хеташ долу гІуллакхаш ца леладора Ахьаза. Иза а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош. Цо ур-атталла шен кІант цІерах чекхваккхийтира, Везачу Эло Исраилан халкъана юкъара дІалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гІуллакхаш лела а деш. Гунаш тІехь а, баьрзнаш тІехь а, муьлххачу а ІиндагІ луш долчу диттана кІел а сагІа а доккхура, хаза хьожа йогІу хІума а ягайора Ахьаза. ТІаккха арамхойн паччахь Рицан а, исраилхойн паччахь Рамли-ЯхІун кІант Пикхахьи а, Ярушалайм дІалаца дагахь, Ахьазана дуьхьал тІом бан вахара. Цара Ярушалаймана го бира, амма толам ца баккхабелира цаьрга. Цу хенахь арамхойн паччахьо, Эйлат-гІала Араман халкъана юха а ерзош, цу гІалара яхІудхой дІалаьхкира. Эдомхой цо Эйлат-гІала бахийтира, уьш кху заманахь а цигахь бехаш бу. Ахьаза шен геланчаш бахийтира Ашур-мехкан паччахьна ТигІлат-Палиасарна тІе. Цо элира: «Со хьан ялхо а, хьан долахь верг а ву. Схьа а волий, суна дуьхьалбевллачу арамхойн а, исраилхойн а паччахьийн карара кІелхьарваккхахьа со». ТІаккха Ахьаза Везачу Элан цІа чохь а, паччахьан цІийнан хазни чохь а долу деши а, дети а, схьа а эцна, Ашур-мехкан паччахьна совгІатна дахьийтира. Ашурхойн паччахьо ладуьйгІира Ахьаз-паччахьо бохучуьнга. Иза Дамасакхана дуьхьал тІом бан вахара. Дамасакх схьа а лаьцна, цигара бахархой цо Кхир-гІала дІакхалхийтира, ткъа Рицан вийра. Цул тІаьхьа Ахьаз-паччахь Дамасакхе Ашур-мехкан паччахьна ТигІлат-Палиасарна дуьхьалвахара. Ахьазана Дамасакхехь лаьтташ болу сагІа доккху кхерч гира. Цо оцу сагІа доккхучу кхерчан жима кеп а яйтина, иза дІа муха хІотто беза дуьйцуш долу кехат а яздина, уьш динан дега УръяхІуга дІадахьийтира. ТІаккха динан дас УръяхІус шега Дамасакхера Ахьаз-паччахьо схьабаийтинчу кепехь сагІа доккху кхерч бира. Ахьаз-паччахь Дамасакхера юхаверзале динан дас УръяхІус и кхерч бина дІахІоттийра. Паччахьна, ша Дамасакхера цІа веача, и сагІа доккху кхерч гира. Цо, кхерчана тІе а вахана, цу тІехь сагІа даьккхира. Дийнаташ дагоран сагІа а, кІен сагІа а, чагІаран сагІа а даьккхира цо цу кхерчана тІехь. Бертан сагІа а доккхуш, кхерчан агІонаш тІе цІийн цинцаш туьйхира паччахьо. Керлачу кхерчана а, Везачу Элан цІенна а юкъахь Везачу Элана дІакъастийна цІестан кхерч бара лаьтташ. Амма Ахьаз-паччахьо, и кхерч, схьа а эцна, шен керлачу кхерчана къилбаседехьа агІор охьабиллира. Динан дега УръяхІуга, омра а деш, Ахьаз-паччахьо элира: «Оцу боккхачу кхерчана тІехь Іуьйренан дийнаташ дагоран сагІа а, суьйренан кІен сагІа а даккха. Иштта цу тІехь паччахьан а, кху махкара массо а адамийн а дийнаташ дагоран сагІанаш а, кІен сагІанаш а, адамийн чагІаран сагІанаш а даха. Муьлхха а дагоран сагІа доккхуш даьлла цІий а, муьлхха а сагІина дахьаш долчу дийнатийн цІийн цинцаш а тІетоха оцу кхерчана тІе. Ткъа цІестан кхерч пал туьйсуш лелор бу аса». Ахьаз-паччахьо омра ма-дарра, дерриге а кхочушдира динан дас УръяхІус. Ахьаз-паччахьо чкъургаш тІехь йолчу кІелхІотторгашна тІера деакІов пенаш а, еш а дІадехира. Иштта боккха цІестан яй а дІабаьккхира, цІестан стерчашна тІера иза тІулган цІенкъа охьа а буьллуш. Везачу Элан цІийнан кертахь шоьтан дийнахь дІахІуттучу гуламна лерина йина тхевнан кІело а дІаяьккхира Ахьаза. Иштта паччахьан арахула Везачу Элан цІа чу вогІийла а дІаяьккхира. Иза Ашур-мехкан паччахьан дуьхьа дира Ахьаза. Ахьазан кхидолчу гІуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхІудхойн паччахьийн тептар тІехь. ТІаккха Ахьаз, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Царна уллохь иза Даудан гІалахь дІавоьллира. Ахьазан метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Хьузакх-ЯхІу. Исраилхойн паччахь волчу Элан кІанта ХІушаІа паччахьалла до кхоалгІа шо долуш, яхІудхойн паччахь дІахІоьттира Ахьаз-паччахьан кІант Хьузакх-ЯхІу. Иза паччахь дІахІуттуш цуьнан ткъе пхи шо дара. Ярушалаймехь Іаш а волуш, ткъе исс шарахь паччахьалла дира Хьузакх-ЯхІус. Цуьнан ненан цІе яра Аби-ЯхІу, ткъа иза Закри-ЯхІун йоІ яра. Ша схьаваьллачу Дауд-паччахьо лела мел динарг санна, Хьузакх-ЯхІус а леладора Везачу Элана нийса хеташ дерг. СагІа доккху гунаш дІадехира цо, харцделанашна хІиттийна тІулгаш хьийшира, Ашера цІе йолчу харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш хедийра. Ткъа Муса-пайхамаро бина болу цІестан лаьхьа Хьузакх-ЯхІус кагбира, хІунда аьлча цу хенахь а исраилхоша Нахьуштан цІе йоккхуш болчу цунна хаза хьожа йогІу хІуманаш ягайора. Исраилан халкъан Везачу Делах тешара Хьузакх-ЯхІу. Цул хьалха, я цул тІаьхьа и санна волу паччахь ца велира яхІудхойн массо а паччахьашна юкъахь. Везачу Элана тешаме а волуш, цкъа а Цунах дІа ца вирзира Хьузакх-ЯхІу. Мусагахула Везачу Эло бина хьехамаш кхочушбора цо. Веза Эла гуттара а вара цуьнца, ткъа ша дечу массо а гІуллакхаш тІехь аьтто хуьлуш вара Хьузакх-ЯхІу. Ашур-мехкан паччахьна дуьхьал а волуш, цунна муьтІахь вацара Хьузакх-ЯхІу. Ха деш йолу бІов йолчу жимачу гІалина тІера дуьйна йоккхачу чІагІйинчу гІалина тІекхаччалц, пІелаштамхошна тІехь толамаш бехира цо, Іази-гІалина а, цуьнан гонах йолчу аренна а тІекхаччалц. Хьузакх-ЯхІус паччахьалла до доьалгІа шо долуш, ткъа исраилхойн паччахьан Элан кІанта ХІушаІа паччахьалла до ворхІалгІа шо долуш, Ашур-мехкан паччахьо Шалманесара, тІе а гІоьртина, Шамран-гІалина го бира. Кхо шо даьлча, Шалманесара дІалецира и гІала. Цу тайпана Хьузакх-ЯхІус паччахьалла до йолхалгІа шо, ткъа исраилхойн паччахьо ХІушаІа паччахьалла до уьссалгІа шо долуш, дІалаьцнера Шамран-гІала. Ашурхойн паччахьо исраилхой Ашур-махка дІабигира. Хьалахь-гІалахь а, Хьабур-хина йистехь йолчу Газун-гІалахь а, мадайхойн гІаланашкахь а баха охьаховшийра цо уьш. И дерриге а хилира, исраилхоша шайн Везачу Деле ла ца догІарна а, Цуьнца бина барт шаьш бохорна а. Везачу Элан ялхо волчу Мусас шайна тІе мел диллинчуьнга цара ла а ца дугІура, цуьнан парзаш кхочуш а ца дора цара. Хьузакх-ЯхІус паччахьалла до дейтталгІа шо долуш, Ашур-мехкан паччахьо Санхьариба, ЯхІуд-мехкан массо а аьлла чІагІйинчу гІаланашна тІе а гІоьртина, уьш дІалецира. ЯхІудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхІус Лахиш-гІала ашурхойн паччахьна тІе геланчаш бахийтира. Цо бохура: «Со бехке ву. Іадвитахьа со. Ахьа бохху ял дІалур ю аса хьуна». ТІаккха ашурхойн паччахьо яхІудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхІуна кхо бІе гали дети а, ткъе итт гали деши а далар тІедожийра. Цу тайпана Везачу Элан цІа чохь а, паччахьан хазнашна чохь а мел долу дети дІаделира Хьузакх-ЯхІус. Везачу Элан цІа чохь ша дІахІиттийначу дешин неІаршна тІера а, неІарийн гураш тІера а деши, схьа а даьккхина, Ашур-мехкан паччахьна дІаделира цо. Ашурхойн паччахьо Лахиш-гІалара шен тІеман коьрта хьаькам а, шен паччахьан кертара коьрта эла а, шен эскаран цхьа хьаькам а шен доккхачу эскарца Хьузакх-ЯхІу-паччахьна тІе Ярушалайме бахийтира. Уьш Ярушалайме дІакхечира. Схьа а баьхкина, лакхарчу Іома чуьра хи охьадогІучохь, наха хІуманаш юьттучу аренна тІебоьдучу новкъахь, дІахІиттира уьш. Цара паччахье схьакхайкхира. Паччахьан цІахь хьаькам волу Хьалкхи-ЯхІун кІант Элъякъим а, йозанча волу Шибна а, хилларг дІаяздеш волу Асайпан кІант Юахьи а, ара а ваьлла, царна тІевеара. Ашурхойн эскаран хьаькамо элира цаьрга: «Иштта дІаала Хьузакх-ЯхІуга: „Ашурхойн сийлахьчу паччахьо хоьтту хьоьга: ‘Хьан бІобулуш дерг хІун ду?’ Ахь боху хьайн говзалла а ю, тІеман ницкъ а бу, амма уьш даьсса дешнаш ду. Ткъа хьанах ю хьан дегайовхо, хьо суна дуьхьалваллал? Йовтаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дІахІоьттича. Йовтама ялхитта шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цІе Яруша яра, иза ЦІадукъин йоІ яра. Шен дас Іузи-ЯхІус санна, Йовтама Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора. Амма Везачу Элан цІа чу ца волура иза. Ткъа халкъо кхидІа а къинош летадора. Везачу Элан цІийнан кертара Лакхара ков юхаметтахІоттийнарг Йовтам вара. Иштта Іупал-гу болчу пенна тІехь а дуккха а кхиболу чІагІдаран белхаш байтира цо. ЯхІуд-махкарчу лам тІехь гІаланаш а, хьаннашкахь гІепаш а, бІаьвнаш а дІахІиттаяйтира Йовтама. Іамминхойн паччахьца тІом а бина, уьш эшийра цо. Цу шарахь йолана ши бІе пунт дети а, шовзткъе итт эзар гали кІа а, шовзткъе итт эзар гали мукх а белира Іамминхоша Йовтамна. Изза дора Іамминхоша шолгІачу а, кхозлагІчу а шерашкахь а. Йовтаман иштта ницкъ бара, цо шен Везачу Далла хьалха нийса некъаш лелош хилла дела. Йовтаман кхидолчу гІуллакхех лаьцна – цо мел бинчу тІамах а, цуьнан леларх а лаьцна – яздина ду Исраилхойн а, яхІудхойн а паччахьийн тептар тІехь. Йовтаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дІахІоьттича. Цо ялхитта шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. ТІаккха Йовтам, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Даудан гІалахь дІавоьллира иза. Йовтаман метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Ахьаз. Ахьазан ткъа шо дара, иза паччахь дІахІоьттича. Цо Ярушалаймехь ялхитта шарахь паччахьалла дира. Ша схьаваьллачу Даудах терра а ца лелаш, Везачу Элана нийса хеташ долу гІуллакхаш ца леладора Ахьаза. Ахьаз а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош. Ур-атталла БаІал-харцдалла Іибадат дарна а цІуш боттийтира цо. Бен-ХІинам-тогІи чохь хаза хьожа йогІу хІума а ягайойтура, шен кІентий цІерах чекх а бохуьйтура Ахьаза, Везачу Эло исраилхошна юкъара дІалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гІуллакхаш а лелош. Гунаш тІехь а, баьрзнаш тІехь а, муьлххачу а ІиндагІ луш долчу диттана кІел а сагІа а доккхура, хаза хьожа йогІу хІума а ягайора Ахьаза. Цу бахьаненна Ахьазан Везачу Дала иза арамхойн паччахьан кара дІавелира, ткъа вукхо боккха толам баьккхира цуьнан эскарна тІехь. Дуккха а яхІудхой, йийсар а дина, Дамасакхе дІабигира арамхоша. Иштта Ахьаз а исраилхойн паччахьан кара дІавелира, исраилхоша а боккха толам баьккхира цуьнан эскарна тІехь. ЯхІудхойн доьналла долу цхьа бІе ткъа эзар тІемало цхьана дийнахь тоьхна охьавиллира исраилхойн паччахь волчу Рамли-ЯхІун кІанта Пикхахьис. Иза хилира яхІудхоша шайн дайн Дела волу Веза Эла дІатесна дела. Ткъа эпраймхойн тІемалошна юкъара волчу Зикрас паччахьан кІант МаІсей-ЯхІу а, паччахьан цІентІехь хьаькам волу Іазрикхам а, паччахьал тІаьхьа шолгІаниг ларалуш волу Элкхан а вийра. Шайн вежарий болчу яхІудхойн ши бІе эзар зуда а, кІентий а, йоІарий а, йийсар а дина, дІабигира исраилхоша. Иштта, йоккха хІонс а яьккхина, Шамран-гІала дІаяхьийтира цара. Цигахь вехаш Везачу Элан пайхамар вара. Цуьнан цІе Іудад яра. Шамран-гІала юхадоьрзуш долчу эскарна дуьхьал а вахана, оцу пайхамаро цаьрга элира: «Шун дайн Дела волчу Везачу Эло Ша оьгІазвахханчохь яхІудхой шун кара дІабелира. Ткъа аша цаьрца лелийна йолу сел йоккха къизалла, стигала хьалакхаьчна. ХІинца яхІудхой а, ярушалаймхой а, дІа а бигна, царах шайн леш бан дохку шу. Шайн Везачу Далла хьалха шаьш а бехке дац моьтту ткъа шуна? Аша, соьга ла а догІий, шаьш йийсаре буьгуш болу шайн вежарий яхІудхой юхаберзабе, хІунда аьлча Везачу Элан чІогІа дералла ю шуна тІехь». ТІаккха Эпрайман тайпанах болчу хьаькамех цхьаберш тІамера юхабоьрзуш болчарна дуьхьал бевлира. Уьш бара: ЯхІу-Хьанин кІант Іазар-ЯхІу, Машли-МутІин кІант Берех-ЯхІу, Шалуман кІант Яхьизакх-ЯхІу, Хьадлайн кІант Іамасаъ. Цара элира: «Ма балабе кху чу йийсар динарш, хІунда аьлча вай къа латор ду Везачу Элана хьалхахь. Вай летийначу къиношна а, вай динчу зуламашна а кхин а тІетоха ойла-м яц те шун? Исраилан халкъана тІехь Везачу Элан чІогІа йолу дералла хиллал хІинцале а боккха бехк бу вайна тІехь». ТІаккха тІемалоша шаьш йийсаре буьгурш а, схьаэцна йолу хІонс а халкъан куьйгалхойн а, халкъан берриг а гуламан кара дІаелира. ЦІераш яьхначу исраилхойн веа куьйгалхочо, шаьш йийсаре дуьгучу халкъана юкъахь берзина хилла болчарна, хІонсана юкъара схьаэцна бедарш а тІеюьйхира, царна мачаш а елира. Иштта юург а, мерг а елира, зайтдаьтта а хьаькхира царна. Царах гІора доцурш берриш а, варрашна тІе а ховшийна, шех хурма-диттийн гІала олучу Ерихоне, церан вежарий болчу, дІахьажийра, ткъа шаьш Шамран-гІала юхабирзира уьш. Цу хенахь Ахьаз-паччахьо Ашур-мехкан паччахьна тІе геланчаш бахийтира, шена гІо доьхуш, хІунда аьлча эдомхоша цул тІаьхьа, схьа а богІий, дуккха а долчу адамна етта а еттара, уьш йийсаре а буьгура. ЯхІуд-мехкан акъарешкара а, къилбехьара а йолчу гІаланашна тІелетира пІелаштамхой. Байт-Шамаш, Айлон, Гадирут, Соха, Тамна, Гимзу гІаланаш а, цаьрца йоьзна йолу ярташ а, схьа а яьхна, царна чохь баха охьахевшира уьш. ЯхІудхойн паччахь Ахьаз бахьана долуш иштта сийсаздаьккхира Везачу Эло ЯхІудан халкъ, хІунда аьлча иза, ЯхІуд-махкахь зуламаш дар а магош, Везачу Элана чІогІа тешаме воцуш лелара. Ашурхойн паччахь ТилгІат-Пилнасар веара Ахьаз волчу, амма шегара гІо хиларан метта, бале велира иза цунна. ХІунда аьлча Ахьаза Везачу Элан цІа чуьра а, паччахьан цІа чуьра а, элашкара а еза хІуманаш, схьа а эцна, ашурхойн паччахье дІаелира, амма и шадерг гІоьнна ца хилира цунна. Ур-атталла ша холчу хІоьттинчу хенахь а Ахьаз-паччахь кхидІа а Везачу Элана тешаме воцуш лелара. Шена тІехь толам баьккхинчу Дамасакхерачу деланашна лерина сагІанаш дохура Ахьаза, хІунда аьлча цо ойла йира: «Арамхойн паччахьийн деланаша царна гІо дина хилча, аса а дохур ду царна сагІанаш, цаьрга сайна гІо дайтархьама», – аьлла. Амма и деланаш Ахьазана а, дерриг а Исраилан халкъана а эшамна хилира. Делан цІа чуьра пхьегІаш дІа а гулйина, уьш йохийра Ахьаза. Ткъа Везачу Элан цІийнан неІарш дІа а къевлина, Ярушалаймехь массо а маьІІехь сагІа доккху меттигаш йира цо. ЯхІуд-махкарчу ерриге а гІаланашкахь кхечу деланашна сагІа доккху гунаш а дина, шен дайн Дела волу Веза Эла дарвора цо. Ахьазан кхидолчу гІуллакхех а, цо лелийначух а лаьцна – дуьххьарлерчунна тІера тІаьхьарчунна тІекхаччалц – яздина ду ЯхІудхойн а, исраилхойн а паччахьийн тептар тІехь. ТІаккха Ахьаз, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза Ярушалайм-гІалахь дІавоьллира, амма исраилхойн паччахьийн къуббанашкахь дІа ца воьллира иза. Ахьазан метта паччахь хилла дІахІоьттира цуьнан кІант Яхьизакх-ЯхІу. Іузи-ЯхІу а, Йовтам а, Ахьаз а, Хьузакх-ЯхІу а ЯхІуд-махкахь паччахьаш болчу заманчохь Амосан кІантана ЕшаІ-ЯхІуна ЯхІуд-махках а, Ярушалаймах а лаьцна Дала суьрташ хІиттийра. ХІара дешнаш ТакхоІарчу жаІуйх цхьаъ волчу Іамосан ду. Цунна уьш, Исраилан халкъах хиндолчух лаьцна шена сурт хІоьттича, хезнера. Иза, яхІудхойн паччахьо Іузи-ЯхІус а, исраилхойн паччахьо, ЯхІуашан кІанта, ЯрбаІама а паччахьалла дечу хенахь, мохк бегабале, ши шо хьалха дара. ЯхІуд-мехкан паччахьаша – Йовтама, Ахьаза, Хьузакх-ЯхІус – паччахьалла дечу хенахь Муршат-юьртара волчу Мика-ЯхІуга Везачу Элера хаам кхечира. Оцу хаамехь Мика-ЯхІуна дІаделладелира Шамран а, Ярушалайм а цІераш йолчу гІаланех хиндерг. ХІушаІ-пайхамаран тептар тІехь Дала иштта боху: «Сайн доцучу халкъах – „Сан халкъ“ эр ду Аса, Сайна езаш йоцучух а – „Сайна езаш ерг“ эр ду Аса.
Выбор основного перевода