Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
цундела Ас хьо декъалвийр ву. Стигалахь долу седарчий санна, хІордан берда тІехь йолу гІум санна, дукха тІаьхье лур ю Ас хьуна. Цара шайн мостагІийн гІаланаш схьайохур ю. Ахь аьлла ма ду: „Ас хьан аьтто бийр бу, хІордан гІум санна, ягар ца яллал тІаьхье а кхиор ю“». Стигалахь долу седарчий санна, хІордан берда тІехь йолу гІум санна, ягар ца яллал дукха тІаьхье лур ю Ас Сан ялхо волчу Даудана а, Суна гІуллакх деш болчу левихошна а“». Везачу Эло элира: «Цунна, „Сан халкъ дац“ (Ло-Іами) алий, цІе тилла, хІунда аьлча шу Сан халкъ а дац, Со шун Дела а вац. Иза Аса Сайна лаьттахь дІаюьйр ю, „Къинхетам ца биначух“ къинхетам бийр бу Аса. „Сайн доцучу халкъе“ Аса эр ду: „Хьо Сан халкъ ду“. Ткъа цо: „Хьо сан Дела ву!“ – эр ду». Массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло берстинчу тІемалошна тІе хІоралла хоьцур ю. Ашур-мехкан паччахьан сийлаллех цІе латор ю, ткъа и цІе чІогІа йогуш хир ю. ХІушаІ-пайхамаран тептар тІехь Дала иштта боху: «Сайн доцучу халкъах – „Сан халкъ“ эр ду Аса, Сайна езаш йоцучух а – „Сайна езаш ерг“ эр ду Аса. „Шу сан халкъ дац“ – баьхначу меттехь, „Шу дийна волчу Делан кІентий ду“, – бохур ду цаьрга». Ткъа ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро исраилхойх лаьцна иштта боху: «ХІордан гІум санна, дукха исраилхой хиллехь а, царах жима дакъа бен кІелхьардер дац. «Со шун Да хир ву, ткъа шу Сан кІентий а, йоІарий а хир ду, – боху массо а ницкъийн Везачу Дала». «Цхьана хенахь халкъ дацара шу, ткъа хІинца Делан халкъ ду. Цхьана хенахь шух бина къинхетам бацара, ткъа хІинца Дала къинхетам бина шух».
Выбор основного перевода