Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Ахьабан Шамран-гІалахь кхузткъе итт кІант вара. ЯхІус, кехаташ а яздина, Шамран-гІалахь болчу израІалхойн хьаькамашка а, къаношка а, Ахьабан берийн Іуналла а деш, царна тІехьожуш болчаьрга а дІасадахьийтира уьш. Церан чулацам иштта бара: «Шу долчохь шун олахочун кІентий бу, шуьгахь гІудалкхаш а, дой а, чІагІо йина гІала а, герз а ду. Цундела хІара кехат шайга дІакхаьчча, аша шайн олахочун берех тоьлла а, доьналла долуш волу а кІант схьакъаставе. Иза шен ден паччахьан гІанта тІе а хаавай, шайн олахочун цІийнан агІор дІа а хІоттий, тІом бе». Цара, чІогІа кхера а белла, элира: «Шина паччахье а ян ца елла цунна дуьхьало, ткъа оха хІун дийр дара?» Паччахьан цІийнан хьаькамо а, гІалин хьаькамо а, къаноша а, берийн Іуналла а деш, царна тІехьожуш болчара а ЯхІуна тІе нах бахийтира. Цара бохура: «Тхо хьан ялхой ду-кх. Ахьа тхайга де аьлларг, дийр ду оха. Цхьа а паччахь хІоттор вац оха. Хьайна хеттарг де ахьа». ТІаккха ЯхІус шозлагІа а иштта яздина кехат дахьийтина цаьрга: «Нагахь санна шу сан а делахь, аса бохург аша деш а делахь, шайн олахочун кІентийн кортош тІера а дахий, кхана хІоккху хенахь со волчу ИзраІал-гІала схьадуьйла». Ткъа Ахьаб-паччахьан кхузткъе итт кІант вара. Церан дола а деш, царна тІехьожуш гІалара тоьлла хьолахой бара. Шайга и кехат дІакхаьчча, цара, паччахьан кІентий байа а байина, церан кортош тускарш чу а дехкина, уьш ИзраІал-гІала ЯхІуна тІе дІадахьийтира. Геланчо ЯхІуга хаам бира: «Паччахьан кІентийн кортош схьадеана», – аьлла. ЯхІус элира: «Царах ши хола а яй, Іуьйре тІеяллалц кевнехь шина а агІор охьадахкий, дита уьш». Іуьйранна ЯхІус, ара а ваьлла, дІа а хІоьттина, дерриг а халкъе элира: «Шу бехке дац. Гой шуна, аса, сайн олахочунна дуьхьал ямартлонца барт а бина, иза вийна. Ткъа уьш берриг а хьан байина? ХІинца дІахаалаш, Везачу Эло Ахьабан цІийнах лаьцна аьлла дош цхьа а эрна довр дац. Шен ялхо волчу Эли-ЯхІугахула Ша аьлларг Везачу Эло кхочушдина». Иштта ИзраІал-гІалахь Ахьабан цІийнах дийна бисинарш а, цуьнан хьалхара болу хьоладай а, доттагІий а, динан дай а хІаллакбира ЯхІус. Цуьнан тІаьхьенах цхьа а дийна ца висира. ЯхІу, хьала а гІаьттина, Шамран-гІала дІавахара. Новкъахь, жаІуй вовшахкхетачу Байт-Іекхад олучу меттигехь, яхІудхойн паччахьан Ахьаз-ЯхІун гергарнаш дуьхьалкхийтира цунна. ЯхІус хаьттира цаьрга: «Шу муьлш ду?» «Тхо Ахьаз-ЯхІун гергарнаш ду. Паччахьан кІенташка а, паччахьан ненан Изабалан кІенташка а маршалла хатта арадевлла тхо», – жоп делира цара. ЯхІус элира: «Цара, дийна боллуш уьш дІа а лаьцна, Байт-Іекхадан гІунна уллохь байира. Уьш шовзткъе ши стаг вара, ткъа царах цхьа а дийна ца висира». ЯхІудхойн паччахьо Іузи-ЯхІус паччахьалла до ткъе берхІитталгІа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дІахІоьттира ЯрбаІаман кІант Закри-ЯхІу. Шамран-гІалахь Іаш а волуш, цо ялх баттахь паччахьалла дира. Закри-ЯхІус а, шен дайша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. НабатІан кІанта ЯрбаІама исраилхошка летадайтинчу муьлххачу а къинойх дІа ца вирзира иза. Закри-ЯхІуна дуьхьал ямартлонца барт а бина, Явешан кІанта Шалума, халкъана хьалха цунна чов а еш, иза вийра. Ткъа ша цуьнан метта паччахь хІоьттира. Закри-ЯхІус лелийначу кхидолчу гІуллакхех лаьцна яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь. Иштта Везачу Эло ЯхІуга аьлла дешнаш кхочушхилира. Цо аьллера: «Хьан тІаьхьенах доьалгІачу гаранна тІекхаччалц берш хир бу исраилхойн паччахьаш». Иза иштта хила а хилира. Веза Эла чІогІа оьгІазвахара исраилхошна. Цо уьш Шена уллора дІатеттира. ЯхІудан цхьа тайпа доцург, царах цхьа а ца висира! Ткъа ялтин а, чагІаран а, даьттанан а дехарна лаьтто жоп лур ду, ткъа цара „ИзраІал“ – Дала дІадоь – аьлла, жоп лур ду. Яссийна хир ю Исхьакхан тІаьхьенийн сагІанаш доху лакхенаш. Исраил-мехкан еза меттигаш а йохийна хир ю. ЯрбаІам-паччахьан цІенна а Со туьраца дуьхьалвер ву».
Выбор основного перевода