Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
ЙогІучу гІудалкхийн татанаш а, дойн терсар а, догІучу доккхачу эскаран гІовгІа а ю моттадалийтинера Везачу Эло арамхойн эскарна. ТІаккха цара вовшашка аьллера: «Тешна, вайна дуьхьал тІом байтархьама, исраилхойн паччахьо хьетахойн а, мисархойн а паччахьаш лаьцна хир бу». Везачу Эло уьш дІататталц, Шен ялхой болчу массо а пайхамаршкахула Цо аьлла ма-хиллара. Исраилхой шайн махкара Ашур-махка дІакхалхийнера, уьш хІинца а цигахь бехаш бу. Вахана, ХІушаІа шена Диблайман йоІ Гомар ялийна. Берах а хилла, цо ХІушаІана кІант вина. Везачу Эло элира: «Цунна, „Сан халкъ дац“ (Ло-Іами) алий, цІе тилла, хІунда аьлча шу Сан халкъ а дац, Со шун Дела а вац. Аса къинхетам бийр бац цуьнан берех, тешаме доцу бераш уьш долу дела. «Цхьана хенахь халкъ дацара шу, ткъа хІинца Делан халкъ ду. Цхьана хенахь шух бина къинхетам бацара, ткъа хІинца Дала къинхетам бина шух».
Выбор основного перевода