Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Везачу Эло кхечу къаьмнех болчу нахана байракх хьалаойур ю, шайн махкара дІалаьхкина исраилхой схьагулбийр бу, Ша дІасабаржийна яхІудхой дуьненан еа а маьІІера схьакхойкхур бу. Цу деношкахь ЯхІудан тІаьхье цхьаьнакхетар ю Исраилан тІаьхьенца. Уьш цхьаьна къилбаседехьарчу махкара Аса шайн дайн дола деллачу лаьтта тІе схьабогІур бу». «ТІекхочуш ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Аса Даудан тІаьхьенах Сайн лаамехь волу цхьа зІийдаг кхиор йолу. Цо хьекъалца паччахьалла дийр ду, хІокху лаьтта тІехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду. Цо олалла дечу деношкахь ЯхІудан халкъ паргІат хир ду, ткъа Исраилан халкъ сашортехь Іийр ду. Цуьнан цІе иштта тиллина хир ю: „Тхуна нийсо лелош волу Веза Эла“. Ас царна тІе цхьа Іу хІоттор ву, Сайн ялхо волу Дауд. Цо уьш дажор ду, иза церан Іу хир ву. «Адаман кІант, хьайна цхьа гІаж схьа а эций, цу тІе дІаязде: „ЯхІудан тайпа а, цуьнца бертахь болу исраилхой а“. Цул тІаьхьа шолгІа гІаж схьа а эций (иза Эпрайман гІаж ю), цу тІехь а дІаязде: „Юсупан тайпа а, цуьнца бертахь долу дерриг Исраилан халкъ а“. Цул тІаьхьа и ши гІаж, цхьа гІаж йолуш санна, цхьаьна дІалаца хьайн куьйгахь. Хьан халкъо хьайга, и хІун ду бохуш, хаттар дича, цуьнга дІаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Эпрайман карахь йолу Юсупан гІаж а, цуьнца бертахь долу Исраилан тайпанаш а Ас ЯхІудан гІожаца цхьаьна дІалоцур ду, цхьа гІаж санна. Уьш Сан карахь цхьаъ санна хир бу’“. Айхьа тІехь яздина йолу ши гІаж царна хьалха хьайн куьйгахь латтае. ДІаала халкъе: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Шаьш дІабаханчу меттера къаьмнашна юкъара схьабохур бу Ас исраилхой. Массо а маьІІера уьш схьа а гулбина, шайн лаьтта тІе схьабалор бу Аса. ХІокху лаьтта тІехь, Исраил-махкарчу лаьмнашкахь, Ас уьш цхьа къам дина дІахІиттор бу. Царна массарна а тІехь паччахьалла деш цхьа паччахь хир ву. Уьш кхин лелар бац шина къоме бекъабелла а, шина пачхьалкхе бекъабелла а. Цара шаьш кхин бехдийр дац шайн цІушца а, я шайн дегазчу гІуллакхашца а, я шаьш мел летийначу зуламашца а. Ас массо а къинойх кІелхьара а даьккхина, цІандийр ду и къам. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву. Сан ялхо волу Дауд церан паччахь хир ву, царна массарна а тІехь цхьа Іу а хир ву. Уьш Сан тІедехкинаршца лелар бу, цара Сан парзаш, кхочуш а деш, лар а дийр ду. Цул тІаьхьа исраилхой юха а боьрзур бу, шайн Веза Дела а, Даудан тІаьхьенах волу шайн паччахь а лохур ву цара. ТІаьхьарчу деношкахь Везачу Элана хьалха ларамах а, Цуьнан диканах а буьзна хир бу уьш. Ас ЯхІудан цІа чІагІдийр ду, Юсупан цІа кІелхьардоккхур ду. Ас уьш юхаберзор бу, Со царна къинхетаме хилла дела, ткъа уьш а хир бу, Ас дІа ца тесча санна. Со церан Веза Дела ву, Цара орца даьккхича, Ас царна жоп лур ду.
Выбор основного перевода