Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Айхьа цуьнга деллачу ахчанах ял а ма яккха, хьайн Делах а кхера, хьайн ваша шайна юкъахь а вахийта. Амма, хьайгара далийтинчу цу хІуманехула хьо Везачу Элах чІогІа ца ваьшна дела, хьуна вина волу кІант лийр ву». Аса, Деле доІа а деш, элира: «Ва тхан Дела, сийсаза а дохуш, цара тхох лаьцна аьлларг дІахазахьара Хьуна тхан доІанехь. Шаьш тхох кхаьрдинарг царна дуьхьал даккхахьара Ахьа. Хийрачу махка чу, хІонс санна, йийсаре а бигна, юьхьІаьржачу хІиттабехьа уьш! Яздина ма ду: «Шу бахьана долуш, емалвеш ву Дела кхечу къаьмнех болчу наха». Цхьана а хІуманна тІехь цхьанна а вас хилийта бахьана ца хуьлуьйту оха, тхаьш деш долу гІуллакх емал ца дайтархьама. Лоллехь бохкучу леша а, хьакъ мадду кхоччуш лара беза шайн олахой. И дан деза Делан цІе а, вайн хьехамаш а емал ца байта.
Выбор основного перевода