Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Іезар хьалагІаьттира. Цо динан дайн хьаькамашка а, левихошка а, дерриг а Исраилан халкъе а чІагІо яйтира, цара Шихан-ЯхІус аьлларг дийр ду аьлла. Цара и чІагІо йира. Тхайна гонах дехаш долчу халкъаша шоьтан дийнахь а, я кхечу дезачу дийнахь а йохка хІуманаш я кІа деача, уьш цаьргара оьцур яц оха. ХІора ворхІалгІа деанчу шарахь тхайн кхаш тІехь болх бийр бац оха, иштта тхайна декхарийлахь болчарна къинтІера девр ду тхо. Ярми-ЯхІуга Везачу Элера хаам кхечира, ЦІадукъ-ЯхІу-паччахьо Ярушалайман массо а бахархошца, шайн леш паргІатбохур бу аьлла, барт бинчул тІаьхьа. Массара а Іебархой болу божарех а, зударех а болу леш паргІатбаха безаш бара. Цхьаннен а шайн къомах болу а, ЯхІудан тайпанах болу а леш шайгахь сецо бакъо яцара.
Выбор основного перевода