Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
НеІалт тІедоуьйту хІара хи хьан дегІа чу долийла, хьан кийра а боьстуьйтуш, хьан гІогІаш а толхуьйтуш’. ТІаккха цу зудчо: ‘Амин, иза иштта хуьлийла’, – ала деза. „НеІалт хуьлда къайлахчу метте дІахІоттийначу тІулгах я дечигах я лалийна цІу винчунна! Пхьеран куьйгашца дина хІума бен дац иза, Везачу Элана иза дегаза хета“. Дерриге а халкъо мохь тоьххна эр ду: „Амин!“ „НеІалт хуьлда шен да я нана сийсаздаьккхинчунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“ „НеІалт хуьлда шен уллорачун дозанаш талхош волчунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“ „НеІалт хуьлда бІаьрзениг некъа тІера галвоккхучунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“ „НеІалт хуьлда тІевеанчунна а, я бона а, я йисинчу зудчунна а нийса кхелъяр талхош волчунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“ „НеІалт хуьлда шен ден зудчуьнца вижинчунна, шен ден дІавуьжу мотт цо сийсазбаьккхина дела!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“ „НеІалт хуьлда хьайбанца дІавижинчунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“ „НеІалт хуьлда шен йишех, шен дена йинчу я шен нанас йинчу йоІах куьг тоьхначунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“ „НеІалт хуьлда шен стунненаца вижинчунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“ „НеІалт хуьлда къайлаха шен уллораниг вуьйш волчунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“ „НеІалт хуьлда, бехк боцучу стеган цІий Іанорхьама, кхаьънаш дохучунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“ „НеІалт хуьлда хІоранна а, хІокху товрат-хьехамийн дешнаш кхочуш а ца деш, уьш чІагІ ца дечунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“» Хастам бу Исраилан халкъан Везачу Далла, азалехь дуьйна абаденналц!» Дерриге а халкъо элира: «Амин! Хастам бу Везачу Элана!» Іезара декъал вира Воккха Дела волу Веза Эла. Дерриг а халкъо, шайн куьйгаш стигала хьала а дохуьйтуш: «Амин!» элира. Цул тІаьхьа, шайн яххьаш лаьтта кхаччалц охьа а таІийна, Везачу Элана Іибадат дора цара. Хастам бу Исраилан халкъан Везачу Далла азалехь дуьйна абаденналц! Массо а халкъо олийла: «Амин!» Хастам бу Везачу Элана! Амма цара дуьхьалонаш а еш, дов дора цунна. ТІаккха ПахІала, шен бедарш тІера чан дІа а егийна, элира цаьрга: «Къа а, бала а шайн бехкенна хуьлда шуна, со хІуманна а бехке вац. ХІинца со кхечу къаьмнийн нах болчу воьду».
Выбор основного перевода