Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Нагахь санна и гІала юхаметта а хІоттийна, цуьнан пенаш а дина уьш бовлахь, цара я ясакх а токхур яц, я ерриг а ял а лур яц. Иза бахьана долуш паччахьан хазнина доккха зен хир ду. Иштта, паччахьан цІен тІера алапаш тхуна луш долу дела, тхоьга ца лало паччахьна зен хилар, цундела оха хаам беш хІара кехат яздо хьоьга. Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу ткъолгІачу шеран Нисан-баттахь паччахьна чагІар чудеара. Аса и чагІар, схьа а эцна, паччахье дІакховдийра. Со гІайгІанехь вара. ХІинца чул хьалха со паччахьна хьалха цкъа а цу тайпана цахиларна, ТІаккха шена уллохь зуда-паччахь а йолуш Іаш волчу паччахьо соьга хаьттира: «Некъана дукха хан оьший хьуна? Хьо юха маца вогІур ву?» Аса сайна мел хан оьшу дІааьлча, паччахь реза хилира со цига вахийта. Уьш берриш а гІуллакх деш бара ЮцІдукъан кІентан ЮшаІан кІант ЯхІу-Якхам куьйгаллехь волчу хенахь а, мехкан да Нахьми-ЯхІу а, динан да Іелам стаг Іезар а волчу хенахь а. И хІума хиллачу хенахь со Ярушалаймехь вацара. Бавелан паччахь Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу ткъе шуьйтталгІачу шарахь со паччахь волчу юхаваханера. Цхьа хан яьлча, аса юха а паччахье сайна Ярушалайме дІаваха пурба дийхира. Со шуьца волчу хенахь цкъа а цхьаннан а ахча а, деза духар а ца дезна суна. Яа а, мала а бакъо йоцуш-м дац тхо? Цхьанна а меттехь маьхза бепиг ца дуура оха. Мелхо а, шуна цхьанна а тхайх бала ца бархьама, дийнахь а, буса а, къа а хьоьгуш, болх бора оха.
Выбор основного перевода