Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Цул а оцу нахана дІавухкур ву вай иза, цунна тІе куьг айа а дезар дац – вайн ваша ма ву иза». Вежарий резахилира цо аьллачунна. Нагахь цхьаммо шен йоІ лолле йохкахь, боьршачу лешка хьаьжча, иза мукъаяккхар кхечу тайпана хуьлу. Къийвеллачу вашас ша хьайна вохкахь, ваца ма ве иза, лай санна. Пайхамарийн тобанера волчу цхьана стеган зудчо, елха а йоьлхуш, бохура ЭлишаІе: «Хьан ялхо хилла волу сан майра велла. Хьуна хаьа-кх, иза Везачу Элах кхоьруш стаг хиллий. ХІинца иза декхарийлахь хилла волу стаг, ван а веана, сан ши кІант дІавига воллуш ву, царах шена леш бан дагахь». мецачуьнца хьайн бепиг декъа, бевлла лела миска нах хьайн цІа чу бига, верзинчунна тІе бедар юха, хьайн гергарчух дІа ма лачкъа.
Выбор основного перевода