Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Аса доІа дира: «Сан Дела, ТІуби-ЯхІуй, Санбулаттий дага а ваийтий, цара мел динарг бахьана долуш царна кхел яхьара Ахьа. Иштта, шегахь Делера хаам болуш йолу НуІад-ЯхІу а, кхиболу со кхераван арабевлла болу пайхамарш а дагабаийтахьара Ахьа Хьайна». Ва сан Дела, аса и хІума дар бахьана долуш со дагаваийтахьа Хьайна. Диц ма дехьа аса сайн Делан цІийнан а, цу чохь а, цуьнан кертахь а дечу гІуллакхийн а дуьхьа тешаме хиларца лелийнарг! Аса левихошна тІедиллира, Далла хьалха цІена хуьлу Іадат кхочушде аьлла. Уьш цул тІаьхьа гІалин кевнаш лардан дезаш бара, шоьтан де Далла лерина хилийтархьама. И хІума бахьана долуш, ва сан Дела, со Хьайна дагаваийтахьа! Хьайн боккхачу безаме хьаьжжина, къинхетам бехьа сох! Билгалъяьхначу хенашкахь сагІанаш дагорна лерина долу дечиг Іалашдаран Іадат дІахІоттийра ас. Иштта Аса билгалдаьккхира, дуьххьара болу стом а, дуьххьара долу ялта а наха маца схьадан деза. Сан диканна Хьайн дагахь латтадехьа и дерриг а, ва сан Дела!»
Выбор основного перевода