Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Дауда цуьнга элира: «Кхера ма лолахь. Хьан ден ЯхІунатин дуьхьа аса дика гІуллакх дийр ду хьуна: Хьан деден Шаулан тІаьхьенан массо а латтанаш хьуна юхадерзор ду, ткъа хьо массо а хенахь сан шуьн чуьра кхача баа йиш йолуш а хир ву». Ахьа а, хьан бераша а, хьан ялхоша а цуьнан латта лело деза, цу лаьтта тІера схьадаьлла долу напха иза волчу схьадан а деза, цуьнан кертахь массо а хенахь яа а, мала а хІума хилийта. Ткъа хьан элан кІентан кІант Мапи-Бошат со волчохь яа хІума юуш хир ву». (Цубин пхийтта кІант а, ткъа ялхо а вара.) ХІинца ахьа, хьайн ялхой а бахийтий, дерриг а Исраилан халкъ а, Изабала дола деш волу БаІал-делан виъ бІе шовзткъе итт пайхамар а, Ашера-делан виъ бІе пайхамар а схьагулвайта Кармал-лома тІе суна хьалха».
Выбор основного перевода