Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Неемия
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Ас тахана бечу хьехамна тІера ма довлалаш, аьтту я аьрру агІор а хьаьвзина, кхечу деланашна тІаьхьа а хІиттина, царна Іамал ярхьама». «Нагахь шайн Везачу Деле аш ла а ца догІахь, ас тахана шайна хьоьхуш долу Цо тІедиллинарг кхочуш а ца дахь, хІокху неІалтех хьалхадевр дац шу: Шен ялхо Муса кхелхинчул тІаьхьа Везачу Эло Мусан гІоьнча хилла волчу Нунин кІанте ЮшаІе элира: «Сан ялхо Муса кхелхина. ХІинца хьо а, дерриг а хІара халкъ а, хьала а гІаттий, Йордан-хил дехьадала, Ас шуна, исраилхошна, лучу лаьтта тІе. Вонаш лелош болчеран зудабераш маре а дуьгуш, цаьрга тхайнаш маре а дохуьйтуш, Хьан весеташ кхин цкъа муха дохор ду оха? Оха иза лелийча, тхо хІаллакдал чІогІа оьгІаз муха гІур вац Хьо? ТІаккха тхох цхьа а дийна а вуьсур вац, цхьа а стаг кІелхьар а вер вац. Къинош а летадора, харцонаш а лелайора, хьарамдерг а леладора оха. Дуьхьал а девлла, Хьан весеташна а, парзашна а тІерадевллера тхо.
Неемия
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода