Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Неемия
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Шу къаьмнашна юкъахь дІасадаржор ду Ас, шуна тІаьхьа тур а даьккхина. Шун латта даьсса хир ду, шун гІаланаш а йохийна Іохкуш хир ю. Нагахь санна, шун бераш а хилла, шун берийн бераш а хилла, оцу махкахь шу дуккха а Іан дахкахь, шу, цхьаннан вастехь цІу-делан сурт а дина, талха мегара. И дарца аша шайн Везачу Далла хьалха вон дийр ду, тІаккха Иза дарлур ву. Иштта хилча, тахана ас стигаллий, латтий тоьшалла дан схьакхойкху, Йордан-хина дехьа а девлла, аша шайн дола доккхуш долчу лаьтта тІехь шу сихха хІаллакьхир ду аьлла. Аша цигахь дукха хан а йоккхур яц, ткъа шу цигара хІаллакдина дІадохур ду. Везачу Эло шу массо а халкъашна юкъахь дІасадаржор ду. Везачу Эло шу дІалохкучу къаьмнашна юкъахь шух кІезиг бен дийна дуьсур дац. Лаьттан цхьана маьІІера вукху маьІІе кхаччалц, массо а халкъашна юкъахь дІасадоькъур ду шу Везачу Эло. Шайна а, шайн дайшна а ца бевзачу дечиган а, тІулган а цІушна Іамал йийр ю аша. Шух дийна биснарш, шайн а, шайн дайн а харцонаш бахьана долуш, шайн мостагІийн мехкашкахь маргІалбулур бу. ТІаккха шайн а, шайн дайн а харцонашна уьш къера хилахь (цара Суна дуьхьал зуламаш дарна а, уьш Суна дуьхьал бовларна а, Со а ваьлла царна дуьхьал, церан мостагІийн махка уьш йийсаре а балийна), церан аьрха дегнаш къарделча а, шайн харцонех цара гІуда текхча а, Суна дагабогІур бу Якъубаца а, Исхьакхаца а, ИбрахІимца а бина барт а, дагадогІур ду латта а. Ткъа Шен цІе йоккхуьйтур йолчу а, шайн Везачу Дала шайн массо а тайпанийн меттигашна юкъахь схьакъастор йолчу а меттигна шу тІе а дерза, цига а дуьйла. ТІаккха схьадалаш шайн Везачу Далла Ша Іайтархьама схьахаржор йолчу меттиге ас шайна весет дина долу дерриге а: дийнаташ дагоран шайн сагІанаш а, шайн кхидолу сагІанаш а, шайна йолучу санан уьтталгІа дакъош а, шайн совгІаташ а, иштта шайн Везачу Далла, ваІда а деш, шаьш йинчу чІагІонца къастийна мел дерг а. шу а, шун бераш а доллучу дагца, доллучу синца шайн Везачу Далла тІе дерзахь, Цуьнан озе аша ладогІахь, тахана ас шуна тІе-ма-диллара, тІаккха шун Везачу Дала шун аьтто юхаметтахІоттор бу, шух а къинхетам бийр бу Цо. Шун Везачу Дала, массо а халкъашна юкъа дІасадаржийна долу шу, схьа а гулдина, цхьаьнатухур ду. Стигала йисте кхаччалц шу дІасадаржийна делахь а, цигара а схьагулдийр ду Цо, цигара а схьадалор ду.
Неемия
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода