Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Неемия
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Амма, шена тІедиллинарг кхочуш а деш, Со везаш волчунна эзарнаш тІаьхьенашкахь Сайн хедар боцу безам гойтур бу Ас. Цундела хаалаш, исраилхой, шун, Веза Дела бен, бакъволу Дела вац. Иза тешаме Дела ву, Цо Шен безаман барт ларбо Ша везачаьрца а, Шен весеташ кхочушдечаьрца а церан эзар тІаьхьенна тІекхаччалц. Ма кхера царах, хІунда аьлча шуна юкъахь волу шун Веза Дела – сийлахь а, ларамах бузуьйтуш волу а Дела ву. Гонах а хьаьжна, лоруш болчу нахе а, хьаькамашка а, кхин болчу нахе а вистхилира со. Аса элира: «Вайн мостагІех шу ма кхералаш. Хьалдолу Эла сийлахь а, кхерамах дузуьйтуш а вуйла шайна дагадаийта! Аша, шайн вежарий а, кІентий а, йоІарий а ларбеш, тІом бан беза! Шу шайн зударий а, шайн цІенош а лардеш тІом беш хила деза!» Ткъа хІинца, тхан Дела, ва сийлахь Дела. Хьо Майраниг а, ларамах дузуьйтуш Верг а, вайна юкъахь болу безаман барт Ларбийриг а ма ву! Хьуна хьалха кІезиг ма хетийла оха а, тхан паччахьаша а, тхан куьйгалхоша а, тхан динан дайша а, тхан пайхамарша а, тхан дайша а, дерриг а Хьан халкъо а хьоьгуш болу бала. И бала Ашур-махкарчу паччахьашна тІера дуьйна хІара де тІекхаччалц оха хьоьгуш бу. Тхаьш летийначу къиношна къера а хуьлуш, ас сайн Везачу Деле доІа дира. Ас элира: «Доьху Хьоьга, Хьалдолу Дела! Хьо сийлахь а, кхераме а ма ву! Хьайн весеташ кхочушдеш болчаьрца Айхьа бина барт ларбо Ахь! Хьо везаш болчарна Хьайн хедар боцу безам а ма гойту Ахь!
Неемия
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода