Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Неемия
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Оцу хьаькаман куьйгаллехь долчу хашадхойн эскаро Ярушалаймана гонах долу пенаш а дохийра. Хашадхоша Делан цІа дагийра, гІалин гонахара пен а охьабожийра. ГІалахь мел долу паччахьан цІа а дагийра, царна чохь деза мел долу хІума а хІаллакдира цара. ТІаккха аса паччахье элира: «Паччахь гуттара а вехийла! ГІайгІанна сан юьхь кхоьлина муха хир яц, сан дай дІабоьхкина йолу гІала йохийна лаьтташ хилча, цу гІалин кевнаш а дагийна хилча!» Иштта, буьйсанна со ТогІин кевнал аравелира. Сайн вир Саьрмикан хьоста долчу дІа а ерзийна, со сихха Кхеллин ков долчу дІавахара. Ас Ярушалайман дохийна долу пенаш а, цІарца дагийна долу цуьнан кевнаш а теллира. «ХІорш бу цу мехкан массо а маьІІера болу йийсарера юхабаьхкина болу нах. Бавеларчу паччахьо Набухди-Нецара уьш Бавеле йийсаре дІабигна хилла, ткъа хІинца уьш Ярушалайме а, ЯхІуд-махка а хІора шен-шен гІала юхабирзина.
Неемия
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода