Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Неемия
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Аьлла-кх Ахьа: „Сан цІе кху чохь хир ю“. Доьху Хьоьга, хьажадойла Ахьа Хьайн бІаьргаш хІокху цІенна тІе дийнахь а, буса а! ЛадугІийла Ахьа Хьан лай волчун доІане, иза, хІокху меттехьа а вирзина, Хьоьга кхойкхучу хенахь. Вайн дай, вайн Везачу Далла зуламе хеташ долу хІуманаш а лелош, Далла тешаме боцуш бара. Цара, Иза дІа а тесна, Везачу Элан цІийнах дІа а бевлла, Цунна букъ берзийнера. Делан цІенна хьалха суждане а воьдуш, воьлхуш, халкъо летийначу къиношна ша къера хилар а дуьйцуш, Іезара доІа дечу хенахь, цунна гонах дуккха а исраилхой гулбелира. Царна юкъахь божарий а, зударий а, бераш а дара. Уьш а чІогІа боьлхуш бара. Тхайн дайша санна оха къинош летийна. Оха вонаш а дина, Іеса а лелла тхо. ХІинцца хазахьа, тхан Дела, Хьайн лай волчун доІа а, даггара дехар а. Хьайн дуьхьа, Хьалдолу Эла, резахиларца хьажахьа дассийначу Хьайн дезачу цІийне. Сан Дела! ДІахазахьа, Хьайн лерг схьа а дерзадай, хьажахьа, Хьайн бІаьргаш дІа а беллий, тхуна хиллачу бохаме а, Хьан цІе йоккхуш йолчу гІалане а, хІунда аьлча тхайн доІанаш до оха Хьуна хьалха, тхан бакъхилар бахьана а доцуш, ткъа Хьан боккхачу къинхетаме сатуьйсуш. Хьалдолу Эла, дІахазахьа! Хьалдолу Эла, гечдехьа! Хьалдолу Эла, тергам а бехьа, гІуллакх а дехьа, Хьайн дуьхьа дІа ца тоьттуш, сан Дела, хІунда аьлча Хьан цІе тиллина Хьан гІалина а, Хьан халкъана а». Аса а, сан Исраилан халкъо а летийначу къиношна со къера хилар дІадийцира ас доІанехь. Сайн Делан ломах лаьцна дехар а дІаделхийра ас сан Везачу Далла хьалха.
Неемия
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода