Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Неемия
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Аьлла-кх Ахьа: „Сан цІе кху чохь хир ю“. Доьху Хьоьга, хьажадойла Ахьа Хьайн бІаьргаш хІокху цІенна тІе дийнахь а, буса а! ЛадугІийла Ахьа Хьан лай волчун доІане, иза, хІокху меттехьа а вирзина, Хьоьга кхойкхучу хенахь. Сан Дела! Хьан бІаьргаш а хуьлийла дІабиллина, Хьан лергаш а хуьлийла сема кху меттехь дечу доІанашна. Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу ткъолгІачу шеран Нисан-баттахь паччахьна чагІар чудеара. Аса и чагІар, схьа а эцна, паччахье дІакховдийра. Со гІайгІанехь вара. ХІинца чул хьалха со паччахьна хьалха цкъа а цу тайпана цахиларна, Сан Дела! ДІахазахьа, Хьайн лерг схьа а дерзадай, хьажахьа, Хьайн бІаьргаш дІа а беллий, тхуна хиллачу бохаме а, Хьан цІе йоккхуш йолчу гІалане а, хІунда аьлча тхайн доІанаш до оха Хьуна хьалха, тхан бакъхилар бахьана а доцуш, ткъа Хьан боккхачу къинхетаме сатуьйсуш.
Неемия
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода