Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Коьмана урс а хьакхий, цуьнан цІий схьа а эций, сагІа доккхучу кхерчан еа агІонна тІе цинцаш тоха. Ка дакъошка бекъа а бекъий, цуьнан чоконаш а, когаш а била. Йилина меженаш дакъошна а, коьртана а тІеяхка. Берриг а ка сагІа доккхучу кхерча тІехь багабе. Иза дийнат дагоран цІера тІехь даьккхина сагІа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю. Везачу Элана хьалха старгІина урс хьакха деза цу стага, цул тІаьхьа АхІаронан кІентий болчу динан дайша гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу сагІа доккхучу кхерчана массо а агІор тІетоха деза цу бежанан цІийн цинцаш. Оцу стага, дийначу бежанна тІера неІ схьа а даьккхина, и бежана дакъошка декъа деза. АхІаронан кІентий болчу динан дайша, сагІа доккхучу кхерча тІехь цІе а латийна, цу тІе дечиг дилла деза. АхІаронан кІентий болчу динан дайша, цІера тІе дехкинчу дечигаш тІе бежанан дакъош а, корта а, мохь а йилла еза. Оцу стага бежанан когаш а, чоко а дилича, динан дас дерриге а дакъош цІера тІехь даго деза. Иза цІера тІехь дагош долу сагІа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю.
Выбор основного перевода