Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайн вешина АхІаронна деза духарш де, цуьнан сий а, ларам а айархьама. Цу балхана Ас похІма деллачу говзачу нахе дІаала, Суна гІуллакх деш динан да хила иза къобалван, АхІаронна духарш кечде алий. Цара кечдан деза духарш хІорш ду: некха тІе уллу беза тІоьрмаг а, ийпад а, тІехула юху оба а, дуткъачу дуьйцинчу кІадих коч а, чалба а, доьхка а. И деза духарш АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дайта, Суна гІуллакх деш динан дай уьш хилийта. «Суна лерина гІуллакх дан царах динан дай беш, ахь хІара дан деза: кхиъна йогІу старгІа а, ши ка а схьабалабе (уьш массо а дерт доцуш хила деза), совсаза бепиг а, зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза бепиг а, зайтдаьтта хьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш а схьаэца. Уьш кІенан демах дина хила деза. шийтта герка кассия-диттах даьккхина даьтта а, ялхитта кад зайтдаьтта а. Оцу дерригенах а тІедуттуш долу а, духІиш кечдаран пхьеро эдинарг санна долу а деза даьтта кечде. Иза къобалваран деза даьтта хир ду.
Выбор основного перевода