Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
СтаргІа гуламан четарна хьалха схьаялае. АхІарона а, цуьнан кІенташа а старгІин коьрта тІе куьйгаш дохкур ду. Гуламан четаран неІарна улло а ялийна, Везачу Элана хьалха хІотто еза и старгІа. Динан дас, старгІин коьрта тІе куьйгаш а дехкина, юха цунна урс хьакха деза Везачу Элана хьалха. «АхІарон а, цуьнан кІентий а схьабалабе, царна тІеюху еза бедарш а, къобалваран даьтта а схьаэца, къинан сагІа даккха старгІа а, ши ка а балабе, цхьа тускар совсаза бепиг а да,
Выбор основного перевода