Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делан цІенна хьалха, Везачу Элана а гуш, урс хьакха цу старгІина. СтаргІин цІий хьайн пІелгаца сагІа доккхучу кхерчан маІаш тІе а хьакха, диснарг кхерчана улло охьа а дотта. Везачу Элана хьалха гуламан четарна чохь болчу, шена тІехь хаза хьожа йогІу хІума ягочу кхерчан маІех цІий хьакха деза динан дас, ткъа дисна цІий гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу тІехь дийнаташ дагочу кхерчан буха тІе охьадотта деза цо. Цунах схьадаьллачу цІийх цхьажимма сагІа доккхучу кхерчан еа маІана тІе а, иштта цуьнан беа соне а, цунна гонах болчу хІазарна тІе а хьакха. Иштта, цІан а бай, базбе иза. ВорхІ дийнахь цара сагІа доккху кхерч оцу тайпана цІанбан беза, иза баз а беш. Товрат-хьехаме хьаьжжина, дерриг а ала мегар долуш хІума цІийца цІандеш ду, цІий ца Іанийча, гечдар ца хуьлу.
Выбор основного перевода