Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Къобалдан лерина долу даьтта, схьа а эций, АхІаронан коьрта тІе дотта, иза къобал а веш. АхІарон а, цуьнан кІентий а, тІе даьтта а доттий, базбе, Суна гІуллакх деш динан дай царах хилийта. Динан коьрта да шен вежаршна юкъара хаьржина ву, коьрта тІе даьтта доттарца къобал а веш. Деза духарш тІедуха вазвина волчу цо сингаттам гайта шен коьртара месаш низам доцуш хилийта а ца еза, шен тІера бедарш этІо а ца еза. Велларг волчу чуваха ца веза иза. Ур-атталла деллачу дех я ненах а хьакхавелла, ша бехван ца веза цо. Велларг дІаволлархьама, Делан цІа долчуьра дІа а вахана, шен Делан цІа сийсаздан ца деза цо, хІунда аьлча даьтта тІедоттарца дина долу Делан къобалвар ду цунна тІехь. Со Веза Эла ву. Делан цІийне куьйгаш а кховдадай, Везачу Элана хастамаш бейша.
Выбор основного перевода