Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІинца дуьйцур долчу дийнаташа шу Далла хьалха боьха хуьлуьйтур ду. Церан чархех дІахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву. Лаьттахула оцу текхаш йолчу дийнаташка шаьш Далла хьалха дегаза ма дайта, уьш бахьана долуш шаьш Далла хьалха боьха ма хилийта. ХІунда аьлча Со шун Веза Дела ву. Суна хьалха шаьш дІакъастаделаш, иштта цІена хилалаш, хІунда аьлча Со а цІена ву. Лаьттахула текхачу боьхачу хІуманашка шаьш бех ма дайта. Иза дІавуьжучу маттах дІахьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, хица лийча веза. Сарралц цІена хир вац иза. Нагахь дегІах тІуналла схьайолуш волу стаг тІехиъначу хІуманна тІе цхьаъ хаахь, шен бедарш а йиттина, лийча веза иза. Сарралц цІена хир вац иштта стаг. ТІуналла схьайолучун дегІах хьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цІена хир вац иза. ДегІах тІуналла схьайолучо цхьанна тІе шат тохахь, бехвинарг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цІена хир вац иза. ДегІах тІуналла схьайолуш верг тІехь лелаш йолу муьлхха а нуьйр цІена яц. Цу стагана бухахь хиллачу хІуманах дІахьакхавелларг сарралц цІена хир вац. И хІума карахь дІаяьхьнарг а, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цІена хир вац иза. ДегІах тІуналла схьайолург, куьйгаш дилина а доцуш, цхьаннах дІахьакхалахь, иза шех хьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цІена хир вац иза.
Выбор основного перевода