Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Далла сагІанаш даха мегар дац иштта цхьа сакхт долчунна: бІаьрзечунна, астагІчунна, цІарматчунна, ког я куьг заьІап долчунна, букъ хьала ца нислуш волчунна, лохачунна, бІаьрган цамгар йолчунна, чераш долчунна, чкъуран цамгар йолчунна, бехке меттехь чов йиначунна. Къилахь дац ткъа, сагІина дахьаш дерг бІаьрзениг деача? Вон дац ткъа, сагІина деанарг астагІа я цамгар кхеттарг хилча? ДІакховдадел иштта дерг хьайн баьччанна – реза хир варий те иза хьуна, хьо дика тІеоьцур варий те цо?» – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. НеІалт хуьлда, шен жена юкъахь сакхт доцу боьрша уьстагІ боллушехь, Хьалдолу Эла волчу Суна и уьстагІ сагІина бан ша чІагІо йина йоллушехь, сагІина лерина сакхт долу дийнат дуьйш волчунна – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – ХІунда аьлча Со сийлахь-воккха Паччахь ву. Сан цІе а ю халкъашна юкъахь кхераме».
Выбор основного перевода