Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха оцу шинна хилларг жимаха волчу кІантана Шейлана хиларна кхоьруш, ЯхІуда элира шен несе Тамаре: «Сан кІант Шейла воккха хиллалц, хьайн да волчу дІа а гІой, йисина Іаш йолу зуда Іа ма-еззара Іе». Тамара шен ден цІа дІаяхара. Шатайпа сагІа санна даьккхинчу некхан жижиг а, гІогІ а даа Далла хьалха цІена йолчу меттехь ахьа а, хьан кІенташа а, мехкарша а, хІунда аьлча иза хьуна а, хьан берашна а делла исраилхойн бертан сагІанех долу дакъа ду. Хийрачо цхьаммо а деза сагІа даа мегар дац. Динан да волчохь Іачу хьешо а, динан дена йолах болх бечу стага а даа мегар дац деза сагІа. Аса, Везачу Эло, хьуна а, хьан кІенташна а, йоІаршна а гуттаренна а дІало исраилхоша Суна сагІина лерина дахьаш долу дерриг а совгІаташ. Иза туьхана тІехь чІагІбина болу, цкъа а бохор боцу хьоьца а, хьан тІаьхьенца а Аса бина болу барт бу».
Выбор основного перевода