Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
АхІарона иза шен коьрта тІехь лело еза. Нагахь исраилхоша даьхна сагІанаш кхачам боцуш хилахь, нехан бехк цо шена тІе лоцур бу. Веза Эла оцу сагІанашна резахилийта, массо а ханна АхІарона шен коьрта тІехь лело еза и экъа. цо я чагІар, я кхин тайпана вахош долу малар мала ца деза. Иштта цо чагІарх я кхечу маларх дина къонза а, кемсех дина мутта а мала мегар дац, ткъа керла я якъийна кемсаш а яа мегар дац цо. Шайна деанчух тоьлла долу дакъа аша Везачу Элана лерина дІалахь, шу къилахь хир дац. Делахь а, дагахь латтаделаш, Исраилан халкъо деана деза совгІаташ Далла хьалха бех ма делаш, шаьш ца далийтархьама“». «Шайн бежанех а, уьстагІех а дуьххьара дуьнен чу яьлла йолу боьрша хІума шайн Везачу Далла дІакъастае. Дуьххьарлерчу эсана тІехь болх ма белахь, дуьххьарлера Іахар ма ларгалахь.
Выбор основного перевода