Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Нагахь санна стага, Везачу Элана догІуш дерг дІа а ца луш, ларамаза къа латадахь, цхьа а сакхт доцу ка бан беза цо шегара даьллачунна тІера. Коьман мах дато шекхал ахча хІотто беза ахь (шекхал Езачу Меттигехь лелош долчу барамехь хила деза), даьллачунна гІуда такхаран сагІина лерина. Цо ша хІинццалц ца делларг дІадала деза. ДІадала дезачунна тІе пхоьалгІа дакъа а тоьхна, иза динан дега дІадала деза. Иштта динан дас цу стага латийна къа дІадоккхур ду. Цо гІуда такхаран сагІа а лерина, ка схьаоьцур бу, тІаккха Дала а цу стагана гечдийр ду.
Выбор основного перевода