Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн Далла хьалха цІена хила беза уьш, Цуьнан цІе сийсазъян ца еза цара, хІунда аьлча Везачу Элана лерина цІера тІехь сагІанаш дохурш бу уьш, ткъа и сагІанаш Делан кхача бу. Цундела цІена хилар тІехь ду царна. «ДІаала АхІароне: „Нагахь хьан тІаьхьенах волчу цхьаннан дегІа тІехь сакхт хилахь, шен Далла кхачанийн сагІанаш даха мегар дац цунна. Иза гуттаренна а тІедуьллуш ду. Халкъан доллу парзаш ду шуна а, шуна тІевеана Іаш волчунна а цхьатерра тІедехкина. Шуна а, шун мел йолчу тІаьхьенна а тІедиллина ду уьш гуттаренна а. Везачу Элана гергахь шу а, шуна тІебаьхкинарш а – цхьаъ ду. НеІалт хуьлда, шен жена юкъахь сакхт доцу боьрша уьстагІ боллушехь, Хьалдолу Эла волчу Суна и уьстагІ сагІина бан ша чІагІо йина йоллушехь, сагІина лерина сакхт долу дийнат дуьйш волчунна – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – ХІунда аьлча Со сийлахь-воккха Паччахь ву. Сан цІе а ю халкъашна юкъахь кхераме».
Выбор основного перевода