Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
АхІаронан а, цуьнан кІентийн а къинош дІадахаран Іадатехь, Суна хьалха гІуллакх дайта уьш къобалбан а, уьш базбан а йолчу хенахь, лелабо и кхача. Кхиволчо и кхача баа мегар дац, иза беза хиларна. Бераш а доцуш, йисна я йитина Іаш йолчу динан ден йоІа, шен хІусаме юхаеача, даа мегар ду шен ден бепиг, ша жима йолчу хенахь санна. Ткъа хийрачо цхьаммо а иза даа мегар дац. Исраилан халкъо, хьала а айина, шатайпа сагІа санна, Суна лерина деана совгІаташ а дерриг а хьан хир ду. Иза Аса хьуна а, хьан кІенташна а, йоІаршна а гуттаренна а дІало. Хьан доьзалехь цІена волчу хІораммо а даа мегар ду иза.
Выбор основного перевода