Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
къуббанаш юкъахь а Іаш, къайлахчу меттигашкахь буьйсанаш а йохуш. Цара хьакхин жижиг а доу, хьарамчу кхачанах йина чорпа а ю церан еш чохь. Амма сту сагІина буьйш верг Суна хьалха адам дуьйш верг санна ву. СагІина Іахар боккхуш верг жІаьлин ворта кагъеш верг санна ву. КІен сагІа доккхуш верг хьакхин цІий сагІина даьккхинарг санна ву. Хаза хьожа йогІу хІума ягош верг цІунна Іибадат дийриг санна ву. Шайн некъаш а хаьржина, шаьш лелочу дегазчу гІуллакхех царна там хиларе терра, «Езачу бошмашкахь цхьаъ вукхунна тІаьххье шаьш базбеш а, цІанбеш а берш а, хьакхин жижиг а, маьттаза хІуманаш а, дехкий а дуурш а массо а лийр бу, – боху Везачу Эло. –
Выбор основного перевода