32
Нагахь санна царах цхьаъ, яла а елла, цхьана хІуманна тІе йожахь, и хІума – дечиган пхьегІа а, я бедар а, я тІаьрсиг а, я гали а иза делахь – Далла хьалха боьха хир ю. Иза хи чу йилла еза. Сарралц иза Далла хьалха боьха хир ю, ткъа цул тІаьхьа иза цІена хир ю.